ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоь Олимпиаде йитарх лаьцна сацам бийр бу Шинарин дийнахь Лозаннехь


Швейцари -- Дуьненаюкъарчу Олимпийн комитетан куйгалхо Бах Томас. Лозанна. 2016.

Швейцари -- Дуьненаюкъарчу Олимпийн комитетан куйгалхо Бах Томас. Лозанна. 2016.

Кху шарахь Бразилерчу Рио-де-Жанейрорчу Олимпиадехь дакъалацар дехка мегаш ду Оьрийчура спортхошна. Цу хьокъехь сацам бийр бу Дуьненаюкъарчу Олимпийн комитето тIедогIучу Шинарийн дийнахь Лозаннехь (Швейцари). Цунах лаьцна хаам бина хIора кIиранах Германехь арадолучу Шпигел журнало.

Цо дийцарехь, Дуьненаюкъарчу Олимпийн комитетан куйгалхо Бах Томас дагахь ву хIоьттина хьал дийцаре дан Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца. Оьрсийчоьнан президентан зорбан секретаро Песков Дмитрийс дIахьедар дина журналисташка, шайна цу хьокъехь хууш хIумма а дац аьлла.

ПIераскана дийнахь яйн атлетикан дуьненаюккърчу федерацино дихкира Оьрсийчура атлеташна Риохь хир йолчу Олимпиадехь дакъалацар, оьрсийн спортхоша допинг лелорна.

WADA олучу Дуьненаюкъарчу допингана дуьхьал йолчу комитето 2015-чу шарахь Лахьан-баттахь шен рапорт зорбане даьккхинера Москох допинган дуьхьал йолчу лабораторехь бозбунчуллаш лелош ду аьлла. WADA-но дIахьедар дира Оьрсийчоьнан спортехь, Iедалша гIо а деш, дихкина долу молханаш лелор «культура» а хилла дIахIоьттина аьлла.

XS
SM
MD
LG