ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украино а, Малхбузено а юха а емал йина Оьрсийчоь сепаратисташна гIортор ярна


Украина – Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьал акцехь даьккхина сурт. Киев.
Украина – Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьал акцехь даьккхина сурт. Киев.

Киево а Малхбузерчу пачхьалкхаша а емал йина Оьрсийчоь сепаратисташна гIортор ярна. Украинин тIеман министралло дийцарехь, Украинин 3 эскархо вийна, кхин цхьаъ чевнаш йина ву Донбассехь тIаьхьрчу дийнахь-бусий.

Сепратисташа 100-зза бохийна герзаш деттар сацош бина барт аьлла хаам бина Украинин президентан администрацино. Шайн агIор Донецкан республика олучу тобанан векалша дIахьедарш до барт бохош берш Украинин эскархой бу бохуш.

Украинин тIеман министралло далочу терахьашца, 2500 сов Украинин эскархо вийна, 9000 сов чевнаш йина ву 2014- чу шарахь Донбассехь тIеман конфликт йолаелчхьана. Украино а, Малхбузерчу пачхьалкхаша а бехке еш ю Кремл Донбассерчу сепаратисташна гIо дарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG