ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь лелош дерг вовшен хаийта барт бина Iамеркахоша а, оьрсаша а


Шема -- Мангал-бутт, 2016
Шема -- Мангал-бутт, 2016

Iамеркин а, Оьрсийчоьнан а эскаран веакалша барт бина Шемахь тIеман операцеш дIахьош вошен хаам бан. Мангал-беттан 17-чу дийнахь Iамеркин тIеман министро Картер Эштона бехке йинера Оьрсийчоь, цо тергал а цадеш дуьтуш ду шега Iамерко гIортор еш йолчу тобанашна бомбанаш маетта бахар аьлла.

Цу тайпа инцидент хиллера Еарин дийнахь. Оьрсийчоьнан векалш чIагIдо шаьш тохарш дина меттиг Iамерко юьйцуш йолчу территорина 300 километр генахь яра бохуш. Iамеркин тIеман министро дийцарехь, Оьрсийчоь ша лелош дерг хIун ду а хууш леррина ю Iамерко бохург тидаме цаоьчуш, я цуьннан таллам барца долу хьал вуно ледара ду.

Картера дийцарехь, Оьрсийчоьнан тIеман кеманаш тохарш дина ницкъаш тIом беш бу «Исламан пачхьалкх» олучу тобанца, ткъа Оьрсийчоьно ша Шемахь бомбанаш етта йолалуш дIахьедар динера шаьш а ду цу тобанна дуьхьал тIом болош аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG