ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан дозане кхоччуш, сацийна, чуьрчу журналисташна а, бакъоларъярхошна а йиттина, церан машен ягийна, кисинашкара ахча даьхьина, «террорхошна» шаьш иза до бохуш маьхьарий хьекхначу кегийнаха.

Сахьт далале цул тIаьхьа уллерчу Карабулакехь тIелетта Каляпин Игоран «Iазапна дуьхьалояран комитетан» офисна.

Сахиллачул тIаьхьа Несар-Коьртерчу маьждиге, шен рогIера хутба дан воьдуче тIекхочуш Кадыровна а, Евкуровна а балеваьлла Iеламча, бакъ волу адамийн бакъоларъярхо Чумаков Хьамзат а волуш, эккхийтина машен.

Журналисташна тIелеттарш нохчий ца хуьлийла дац, цара хьекхначу маьхьарша Iорадоккху иза, боху Каляпин Игора. Иза ца теша, таллам ма-оьшшу дIахьор хиларх а, иза дIабохьуьйтур бу бохучух а.

Каляпин: «Кепана аьлча, и дерриг а ГIалгIайчоьнан лаьтта тIехь нисделла. Дов айдина, талламаш а гIалгIайн полицино дIахьор бу. Халахеташ делахь а, ГIалгIайчоьнан гIуллакх оцу девнехь оцу функцица чекхдолуш ду аьлла хета суна. Сихха дов айдар а, сихха иза талла долор а доцург цаьрга кхин хIумма а далур дац.

ХIунда аьлча, оцу зуламан ларш – кхузахь-м ларш хилла ца Iа, гуш ду и зулам луларчу республикерчара динийла. И нах, деккъа дIа, цигара баьхкина, цига дIа а бахана. Оцу наха шаьш тхан коллегашна а, журналисташна а етташ, баьхна, шу стенна лела Соьлж-ГIала, шу бакъоларъярхой дац, террористаш ду. Цундела боху ас, Нохчийчуьрчу хьолах лаьцна ду дерриг а къамел, дац ГIалгIайчоьнах.

Кхеташ ду, Нохчийчохь гIалгIайн полицига дов цхьаммо а толлуьйтур дац. Ткъа Москох хIун реакци ю бохург иза... Гой хьуна, Нохчийчуьра Iедал сацо, аьлча а, Кадыров Рамзан - цо дуккхаза а нахана хьалхха доцурш дукха ма дийциний суна а, тхан хьукматна а тIехь, тхо террорхойн гIоьнчаш а ду, кхидерш, кхидерш а ду бохуш – Рамзан Ахматовича ладугIуш цхьа стаг бен вац, иза президент ву.

Суна хуучух аьлча, президента оцу хьокъехь хIумма а ца аьлла. Ткъа бисинчара-м дуьйцур ду шайна ма-тов. Президент воцург цхьа вац Кадыров Рамзан Ахматовича ладугIуш, цунна кхин Iедал данне а дац, цо ша масситтаза аьлла ма-хиллара».

Чумаковс хутба дечу маьждиге нах эзарнашкахь богIу. Цу тIе хIора а пIераскана алссам а богIуш. Ткъа Чумаковх, цунна и пекъар-цIе тIекхолла бух бацахь а, «вахьабист» вина шен багах Кадыров Рамзана а, цунна суждана оьхуш хьийзачу Iеламчаша а. Талламчаша юьхьанцарчу шайн ахкаршца гучудаьккхина машен Несар-коьртарчу маьждигна герга а ялийна, эккха юьйлинарг нохчо хилар.

Iедалхоша яржае харцо хIоразза а емалъеш хьийза Чумаков Хьамзат, кхеташ ду, хьанна ца веза а, хьанна иза вер товш ду а. Ткъа ша имам-м вац хIумма а кIиллойн декъах. Шена тIелатар динччу миноташкахь цо иштта элира маьждигехь.

Чумаков: «Нехан кхетамаш массо а заманашкахь цхьатерра хилла бац. Хила йиш а яц, адамаш дала баш-башха кхоьллина. Вай ца кхеташ вовшшка дуьйцу хIуманаш а, «хьо тилвелла ву», сихлой вай олуш долу хIума а, «хьо тилвелла ву», «хьо харц новкъатIехь ву», «хьан хьакъидат тилбеллачу нехан хьакъидат ду», «хьо Пайхамаран некъатIехь вац, хьо асхьабийн некъатIехь вац», «хьо баккхийчу имамийн манаш тIехь вац», бохуш къамелаш до.

Ала йишъерг муьлха ду, ала йиш йоцург муьлха ду? Вайн тахана бусулба нах, Пайхамаран асхьабаш, цуьнан табиIийнаш, акбаIаш, баккхий имамаш, уьш хиллачу Iакъидата тIехь ду вай, я дац? Иза билгалдаккха а, нагахь санна дацахь, вай цу тIера гIалатдевлла делахь, Веза Хинволчу АллахIе вай нисдар а, вай тодар а доьхуш, доIа деш а, оцуьнан дуьхьа вовшахкхетта вай.

Кху тIаьххьарчу хенахь дуьйладелла и къамелаш, боьхачу вахьабхоша леладечу Iакъидата тIехь ду шуй, шу иштта дуй...

Тахана Нохчийн Мехкан телевиденехь йина йолу передачаш вайнахана юкъахь чIогIа ирча передачаш ю.

ВаллахIи, ас Делах дуй ма буу-шуна, суна дукха а дезаш, ас лара а лоруш, лорур а долуш ду нохчийн къам. Ас, гIалгIай а, нохчий а, вай цхьаъ хила деза, вай вежарий хила деза бохуш даима а мохь биттина, хIинцачул тIаьхьа изза бохур долуш а ву.

Царна хьалха эхь ма хета суна оцу наха динчу къамелах, сайн а, кхечийн а цIераш а йохуш, «тилделла шу, кегий бераш санна». «Тилделла шу, Iиса, Хьамзат, Боров Мохьмад-Башир», хIунаьхдинарш-хIунаьхдинарш. «Схьадовла деза шу, шу нагахь санна дохко а девлла, аш тоба дахь, Дала тоба къобалдийр ду шун, тиделла ду шу», бохуш, бела а боьлуш. И хIуманаш лелор вайнахана юкъахь догIуш дац – ирча хIума ду чIогIа.

Со оцу нахаца гIуллакх долуш вац цхьана а тайпа. Уьш сайн вайнехан вежарий хеташ вац со. Нохчийн, гIалгIайн къам дуьйцуш, и ший а тоба, кхийссарш а еш, боьха хIуманаш а дуьйцуш, «тилделла шу» нахе а бохуш, нахана хьалха лаьтта официалера нах. Къам охьатеIор ду иза, къам цадезар ду иза, къам цалара ду иза. Иштта болчу нехан, ас боху, нохчий, гIалгIай декъахь бац.

Цаьрца дакъа хила йиш яц, царна тIекарло ян а йиш яц, цара бохучунна реза хила а йиш яц. ВаллахIи, биллахIи, таллахIи, цара динарг ирча хIума ма ду, кху къомана юкъа, нахана юкъа дуккха а херо юкъа а ма йоьллина цара, хер баьхна-кх цара нах.

Сан и санначу нахаца, гIалгIа, сан нанас вина ваша хуьлда иза, къаьмнаш юкъахь юкъ йоьхкуш къамел деш волу стаг вуй, валлахIи, цуьнца гергарло долуш ма вац со цкъа а...»

Эккхийтар динчу сахьтехь Чумаков Хьамзата маьждигехь динчу къамелал генадаьлла къаьсташ дац Каляпин Игора бохург, иза динан да вацахь а.

Ма декъа къаьмнаш, ма декъа адамаш, ма хьийзабе шайна реза боцурш, шайна суждане ца хIуьттурш, шайх юхабевлларш, бохуш нисло ладоьгIча, геннарчу Нижний Новгородера дIа а оьхуш Нохчийчоьнан администраторе Кадыровга а, цуьнан гонашка а бехкаш бохуш хьийза Каляпин Игор а, цуьнан «Iазапна духьалояран комитетера» юристаш а.

Масална дагалоцур вай пхи шо ах шо хьалха Каляпинан тобано Нохчийчохь теллина цхьа зулам. Кадыровн тобано, аьлча а, ОМОН-хоша, Умарпашаев Ислам вадийра шен цΙера, цо интернетехь шен даггарчу нохчийн кегийрхошца йозанаш деш Ιаш шайх «гезарий» аьллера аьлла.

Кхаа баттахь латтийра 20 шо долу Умарпашаев, кест-кеста ваа дΙало, олий, ОМОНан набахтин цхьана чоьнаш чохь кхобучу берозалошний, черчашний герга а текхавеш.

Массех бутт баьлча дΙахийцира иза, цо ша оцу беттанашкахь набахтехь вацара, Москох вара, бохур ду эшначохь, аьлла, чΙагΙо йича. Каляпинна хетарехь, кΙант Москох хиллачу цхьана эккхийтаран декъа вига гΙерташ хилла Кадыровн низамхой. Амма Умарпашаев Ислам кхера а велла дΙа ца лекъна, цо Соьлж-ГΙаларчу Каляпинан комитетан декъе дΙахаийтина шена тΙехь муха эрадаьккхира ОМОНо.

Иштта дΙадолийра кадыровгΙеран Ιазапхошца къуьйсучу Каляпина Умарпашаевна гΙелояр дуьненна а довзийта. Оцу гΙуллакхца дозучу цхьадолчу зуламашна Ессентукерчу кхеле таΙзар дайта а гΙоьртира бакъоларъярхо. Ткъа ийшира кхелехь, даима а Оьрсийчуьрчу бакъоларъярхошца хуьллучу кепара.

Цул тIаьхьа дан дуьсуш дерг цхьаъ бен дацара – Умарпашаев, цуьнца гамбеллачара венле къайлаваккхар.

Иштта шозлагΙа а вадийра Умарпашаев Ислам. ХΙинца и вадийнарг ша Каляпин вара, вадийра Кадыровн гонан къизаллах хьулвеш. Цо Оьрсийчу дΙавигира иза. Къар а ца велла, и ларван ха а даьккхира Ιедалера.

Умарпашаев цхьа масал бен а дац. Каляпинан алссам гулбелла нохчийн пекъаршлахь и санна кегийрхой.

Амма цо, Ιедал юьхьΙаьржа а хΙиттош, бехк гунахь боцчу нохчийн нехан агΙо лоьцуш хилар ца дисира Ιедалан тидамза. Цхьана агΙор тΙетаьΙира цунна шен цΙера, Нижний Новгородера, ФСБ а, полици а. Вукху агΙор –Нохчийчоьнан администратор Кадыров.

Шена Каляпин балеваьллийла Кадыровс дукхазза а хаийтина мехкан телевизионехула. Ткъа хууш ду, Кадыров реза воцчу бакъоларъярхойх Нохчийчохь хьовха, силайолчу Оьрсийчохь а хуьлуш дерг.

ФСБ-но а, Талламан комитето а Каляпинна дуьхьал вуно дукха гIиттийна девнаш. Делахь а, къарлучех вац Каляпин Игорь.

Стенна оьшу хьуна, Ιедалан цΙарх карахь герз леладечу, хьайн дахарна а кхераме йолчу гΙеранашца къийсавала, ахь ларбечу нехан санна дилх а, церан санна даьнгарго атта лаца тарло дегΙ хьайниг а ма ду, аьлла, хаьттира Маршо Радионо шега Каляпин Игоре.

Цамогу шена харцо а гуш, кху къинойх даьккхина лаьттачу дуьнентΙехь парггΙат ваха, боху бакъоларъярхочо.

Каляпин: «Со дуьззина адам сайна хьалха хетийтархьама оьшу-кх суна иза. Иштта хир дара-кх сан шуна жоп. Таро-м ю, и проблемаш йоцурш а лоруш, ваха. Амма цхьаверг кхечу кепехь вина, кхоьллина а ма ву. Ткъа сан аьтто бер бац цкъа айса долийнарг дита. ХIунда аьлча, суна хаьа харцонаш лелийла, хаьа царна дуьхьал сайга цхьаъ далойла а.

Оццул доьхна хьал вайн Нохчийчохь ду, ткъа кхечу регионашкахь тхан мелла а аьтто болу нахана юридикан гΙо кхачон. Дукха бацахь а, 76 милицин белхахо ву оха тхайн талламашца набахте кхачийна.

И тайпа прецедент, масала, Умарпашаевн гΙуллакхца доьзна, тхайн Нохчийчохь а хир ю бохучух теша со. Теша, тΙаьххьара а оха декхаре йийр ю Нохчийчуьра талламан комитет эвсаре а, низамехь а болх бан, харцо лелош верг жоьпе озон.

Йолалой талламан комитет нийсса болх бан, хийцалур бу нохчийн полицин болх а. Полисхочо, ша зулам дича, шега хьоьжуш набахти юйла кхетча, ойла йийр ю, хьаькамо шена дина муьлхха а буьйр ша кхочуш дан дезий-те, я шена низамехь хилар тоьлу, аьлла».

Кху Iай дерриг дуьненна а хууш, бахьанаш тIехула дIа гуш а долуш Соьлж-ГIалахь Iедалан агIо лаьцна чIиркъе хьийза кегийрхой тIелетира «Iазапна дуьхьалояран комитетан» офисна а», цуьнан векалшна а.

Шайн коллегийн агIо лоцучу меттана, Каляпин Игор а, цуьнан накъостий а емалбира нохчийн бакъоларъярхоша.

Пачхьалкхан доларчу «Грозный» телехьожийлехула, Каляпин сийсазвеш къамелаш дира Iедалхйоцчу организацийн кхеташонан лидер волчу Муцаев Мамис а, Оьрсийчоьнан президентан цIарх Нохчийчохь адамийн бакъонийн тергоечу Нухажиев Нурдин хьукматехь информатикан-аналитикан декъан куьйгалхо волчу Зубайраев ИбрахIима а, «Таллам» цIейолчу байна нах лохучу юкъараллан хьалханчас Кагирова Тамарас а, «Объектив» олучу информатикан-аналитикан агенталлан куьйгалхочо Саратова Хедас а.

Массо а тIе а товш, иштта бохура, масала, Зубайраев ИбрахIима.

Зубайраев «Каляпин а, и саннарш а банне а бац бакъоларъярхой. Цара Малхбалерчу шатайпанчу ницкъийн тIедахкарш кхочушдо. Уьш лерина бу шайн Iаьржа гIуллакхаш кхочуш дан, вайна кхузахь юха а хьовзамаш баха, Оьрсийчоь йохо. Вайн, нохчийн, проблемаш вай бен кхетор а яц, вайга бен уьш листалур а яц. «Мемориал» я «ХIельсинкин Тоба» хIун хир яра, ойла яйша, Нохчийчоь йоцуш. Кхузахь лелла бохамаш бацахьара, уьш цхьанне а Оьрсийчохь евзаш а ма хир яцара. Уьш кхоллина а, ехаш а ю вай бахьанехь».

ХIетахь, мел мухха а делахь а, Каляпинан юкъараллин Нохчийчуьра офис ягийнийла, хIаллакйинийла ца гуш цхьа а вацара Iедалхойх. Оцу хьокъехь мукъане а формалехь цхьа йист ца йоккхийлах дацийн Iедалан. Цунна хаьттира оха Каляпин Игоре, хIун хьолехь ду офис ягорах гIаттийна дов.

Каляпин: «ХIан-хIа, и девнаш толлуш дац. Уьш гIитта-м дина, иштта дIа, тоьхула цаьрца бозу талламаш а бина, масала, мел зен дина бохучу агIор, тхан организаци хIун лелош ю бохучу агIор. И бехктакхаман гIуллакх аш зийча, шуна дукха хIума карор ду, масала, сох лаьцна карор ду дуккха а, амма зуламхойх дерг, и офисаш цигахь йохош хьийзинчех дерг талла цхьа а ца гIиртина.

Оцу бехктакхаман талламашкахь сан биографи ю теллина, ас мичахь болх бо, хьанца болх бо – цигахь дукха информаци ю, амма иза оьшучех яц-кх. Иза «Iазарна дуьхьал йолчу комитетна» дуьхьал гулйина ю, Каляпинах лаьцна ю, динчу талорах цигахь цхьа а информаци а яц.

Зулам динарш муьлш бу толлуш цигахь хIумма а дац дина».

...ХIинца динчу рогIера зуламийн могIарахь «Iазапна дуьхьало яран комитет ю» юха а. Иза-м йоьлла шеца Кадыровс лаьцначу гамоно шена доьхьучу зумех. Амма Норвегера а, Швецера а, оцу кIеда-буьйду, зуламашлахь дисинчу дахаран чам бовззане а ца бевзачу мехкашкара кхаьчначу журналисташна а йиттина.

Оцу зуламах шега кхаьчна информаци иштта йовзуьйту Каляпина.

Каляпин : «Уьш вон бац, церан дахарна кхерам бохьуш хIума дац. Йиттинчу нахера хьал муха хир ду? Иштта ду-кх. Норвегерчу журналистна иштаниг цхьаньхьа дезна хир дац лан. Цергаш яьхна, йиттина цунна. Цунна ша оцу автобусчуьра ара а такхийна, вуьйр ву моьттина, цундела шена ма-моггу дуьхьаллаьттина иза.

Массарел дукха хIума кхеттарг а иза ву цундела. Iуьйранна аьрзнаш деш вара иза, ца хаьа шена ша аэропорте муха кхочур ву, юха а тхуна тIелата тарло, бохуш вара. ХIинца, хетарехь, уьш ларбеш дуккха а гIалгIайн полисхой белахь а. Кхерийна нах, арахьара баьхкинарш, гарехь, къаьсттина, уьш Iадийна бу».

Формалехь зийча, зулам хIинца ГIалгIайчохь дина, и таллар а ду оцу махкана тIехь. Оцо мукъане а юьтий нийсонах цхьа дегайовхо? Хаттарна Каляпинан жоп иштта ду.

Каляпин: «Ас кхеторехь, гIалгIайн Iедал, шайх дозучунна, дерриг деш хьийза шайга далург деш и зулам сихха талла. Бехктакхаман гIуллакх вуно сиха айдина цара. Ткъа, суна гарехь, компетенци тоьар яц гIалгIайн полицин и зулам талла, Iорадаккха.

Эладитанаш даржор, кхерамаш тийсар суна а, сан коллегашна а, тхан хьукматна а – иза даима лелийна Нохчийчоьнан лаккхрчу векалша. Тхо бехкедо террористийн накъостий а ду, Малхбалерчу лерринчу ницкъашна гIуллакхдеш а ду, оха, билггал аьлча, ас Соьлж-ГIалина тIемалой тIелеташ ахчанца гIодина бохуш.

Шуна ма-хаъара, оцу иккхинчу тIамехь нах белара-кх, Нохчийчоьнан полисхой. Тхоьга жоп деха деза низамехь а, низамца доцуш а, бохуш хабарш даржадора.

Къеда аьлча, Нохчийчоьнан куьйгалла нах тхуна тIелата а, талораш дан а ир-кара хIиттош хьийзира. Изза леладо хIинца а».

Нохчийчохь шуьга болх бойтьуш а ца хилча, хIинца ГIалгIайчуьрчу офисна а тIелетта хилча, вайнехан территорешкахь бойла дуй шун болх а хаьттира Маршо Радионо Каляпине.

Каляпин: «Болх бина, бийр а бу, оцу тIехь шеко цхьаьнне а хила оьшуш а дац. Кхузахь суна билгалдаккха лаьа, тхан юристийн болх офисашна чухевшина Iар ма бац – тхан юристийн болх кхелашкахь бу, прокуратурашкахь а, Талламан комитетан хьукматашкахь а бу.

Ткъа офис – иза беккъа кехаташ кечде, нах набарна чубоьрзу меттиг бен ма яц. Нохчашна боккха эшам хир бу аьлла ца хета суна тхан юристаша документаш Ставрополехь я Дагестанехь кечдеш хиларх.

Хьовсур ду тхо хьолах хIун хуьлу, тIаккха гур ду-кх, оьшуш хилахь, кхечу меттехь хир-кха офис. Болх оха хIетте а бийр бу Нохчий Республикехь, тхаьш беш хиллачу талламех цхьа а я сацор а бац оха».

Хьал иштта ду цкъачунна. Кадыров Рамзанан Iедалан шогалла лан тIедоьжначу нохчех дог лозуш а, церан лазамаш тергалбан а йисина дукха а йоцчу хьукматех ю «Iазапна дуьхьалояран комитет», иза иштта дац Нохчийчуьрчу бакъоларъярхойн могIаршла язбеллачу цхьаболучу наха бахахь а.

Карарчу муьрехь боккха бала а ловш, кхерама кIел лаьтта Каляпин а, цуьнан го а. Иштта хIоьттинчу хьолехь дацара Оьрсийчоьнан фемида цхьа бIаьрг мукъане а биллина, лелачу харцоннна тIе ца къаьрзийла, цхьана а бакъоне ца сацалуш болу хьаькамаш шайн метта цо охьа ца ховшабойла.

Амма дерг долуш ду. Хууш дац маца кхачор ду цу харцонан я денош а, я шераш а.

XS
SM
MD
LG