ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

14 непалхо вийна Кабулехь


ОвхIанистанан полицино бечу хаамца, Кабулехь автобусца воьду Непалера веана махкахь хадархойн болх беш хилла 14 стаг вийна ша-шен эккхийтинчу террорхочо.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIоьнчас Седдикъи Седикъа Ассошиэйтед Прессе дийцарехь, оршоьтан Iуьйранна Канадин векалт ларъечу непалхошна тIелетта тIалибаш, 8-нна чевнаш йина. Цул тIаьхьа могуш-дийна бисина непалхой, кIелхьара бовлуш, автобусахь боьлхуш хилла Кабулера Джалабадан агIор, хьахийна эккхийтар деш.

ТIалибийн векало МуджахIид Забиуллас Твиттерехула дIахьедина, шен агIоно тIеоьцу дина тохар, шахIидо лелхийтинарш арахьара баьхкина агрессорш бу, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG