ТIекхочийла долу линкаш

Фалуджи йоккхуш ю, нах уьдуш бу


Иракъ - Фалуджина юккъахь долу маьждиг, Иракъ, мангал-беттан 20-гIа де, 2016

Иракъ - Фалуджина юккъахь долу маьждиг, Иракъ, мангал-беттан 20-гIа де, 2016

«Исламан пачхьалкх» олучу тIеман тобанашкара Фалуджи гIалин доккхах дакъа схьадаккхарца доьзна, мехкан кхечу меттигашка цигара бахархой хьовдар бахьана долуш, Иракъ гуманитаран катастрофе кхочуш ю, аьлла, хаамбина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино.

МухIажиршкахула йолчу агенталлин гIантдас Геддо Брунос бахарехь, дуьненаюкъара гуманитаран хьукматаш декхаре хилла «хийцалуш лаьттачу хьолан тергоян».

Дахначу кIиранах Фалуджин доккхах дакъа Иракъан ницкъаша долаэцарца а, лаьттачу баккхий тIемашца а доьзна, итт эзар гергга цигара бахархой бевдда, ткъа эзарнаш буьсуш бу кхерамна кIел.

84 эзар сов стаг ведда эл-Фалуджера а, оцу гIалина гонахара а, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино бечу хаамашца, лаьттахула олу тIеман операцеш Иракъан Iедало йолийчхьана.

XS
SM
MD
LG