ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIусамех боьхначийн барам бистина


Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин мухIажирашкахула йолчу агенталло даржийначу терахьаша гойту дуьнентIехь лаьттачу конфликташа цкъа а ца хиллачу барамехь наха бехачу меттигашкара стохка бохийна хилар.

Шемарчу а, ОвхIанистанерчу а тIеман кризисо 65 миллион 300 эзар адам дохийна дехачу меттигах, боху оршоьтадийнахь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино араехцначу Global Trend-хаамо.

Шарахь цкъа даржочу оцу рапорто бахарехь, лурчаха 60 миллион стаг ваьлла шен цIийнах. Дуьненаюкъарчу мухIажиран денна лерина арахецначу рапорто дийцарехь, хIора минотехь 24 стаг волу мухIажир.

Женеверчу мухIажирийн агенталло Европан лидершка доьху, нах хIусамех а бохош, дуьнентIехь лаьтта тIемаш берзорехьа къахьегар. Иштта цо дIахьедина, мигранташ баржар бахьана долуш, Европехь ксеноби ю кхууьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG