ТIекхочийла долу линкаш

Цхьаболчара,уьш кIезга а бац, сихо хилийта, шайна марха лаца аттонна, газан балонаш эцна, Iуьлкъехь пхьор кечдеш ладегIам кIезиг хилийта.

Хууш ма-хиллара Нохчийчохь кIезиг бац де доцу заьIапхой а,меттахь кхобу лазархой а. Царна шелонца, масала, эшам ца хилийта, хIара довха денош хIиттале дечиг дагош,хIусамаш йовха латториш а бара.

Iедалхоша хIиттийначу цу керлачу билламех бола а гIерташ, шайн ницкъ кхочучу барамехь лол бетташ,махкахой хене буьлу ворхIалгIа кIира доладелла.Оццул хенахь ладегIамехь бехачу нехан дог-ойла ойуш, бехк болуш а,боцуш дIахедийначу газан биргIанаш хьокъехь, хьастагIа мехкан куьйгалхочо телевизионехь халкъан агIонча-турсло а хилла къамел дича, бегашена а доцуш,»хIинцам» аьлла, ойла ластарна дикане сатесна бара дукха бахархой.

Бакъду, цIеххьана лестина ойла зазане ца йоьрзуш,орам хецаза йисира,стенна аьлча наггахь волчунна бен юха дIатийсина яц газаш. Вуьшта аьлча , каде хьийзачу Iедалан белхоша итт доьзал газах дIахербинехь, тахана юха и Iаламан коьчалла чухецнарг цу иттанна юкъахь цхьа доьзал бен бац.

Амма бакъду, дукха нах,ярташкара а,гIаланашкара а башхалла а йоцуш, хадам боллуш тешна бу,мархин бутт юьххье балале мехкадайша ягориг чу а хецна, дерриге а дуьненахь санна, шайга а ирсан дакъа кхочуьйтур ду аьлла. Цхьа шеко а йоцуш цу ойланехь чIагIъелла ишта хьажм болчех ю соьлжагIалахо,Старопромысал кIоштера,Эльмурзаева Сацийта аьлла шен цIе яьккхина яхархо. Адам газ йоцуш дитарх а, церан дегайовхонах а,кханенах тешарх а нисделла тхойшиннан къамел.

Сацита: «Бехаш болчу нехан ахча дIадала таро хилла,газ йоцуш биснарш мисканаш бу. ХIунда аьлча пенсешка ладоьгIуш Iаш бу дукхахберш. И тоа ма ца тоьу массанхьа хьажо. Кадыровна ца хууш хедийча санна хеташ бу-кх нах.

Цо телевизор чохь къамелаш дичхьана,шен хьаькамаш схьа гулбина,адам тешна дар-кх,шайн газ юха дIатасарехь сихо хир ю аьлла. Амма цкъачунна гучудаьлла хIума-м дац. Мархин бутт юккъе а бахна, хIара чекхбалале сурт хийцадаларе са-м туьсу наха.

Цуьнан къамел мел хезнарг цунах тешаш Iаш бу-кх,цо иза дIатосуьйтур ю аьлла. Кхин догдаха меттиг мА яц нехан. Цунах а ца тешча уьш хьанах теша беза? Нехан дан мА дац дIадала. Цара и дIахедийнера аьлла ахча дIаделла меттиг суна-м хаац. Сан лулахочунна 100 эзар сов ду тIедожийнарг. Цунна догIу пенсии 11 эзар а дац. Цуо и дерриге дIаделча а шайб уха а ца дуьтуш,тIаккха а шарахь текхна а ца бовлу-кх уьш. Бахархойн дегайовхо-м ю амма хIун хир ду-м ца хаьа».

Газ дIаяккхар хьокъехь ойла-хьажамаш самалхе боцуш, мел гIийла,декъаза хилларш а дегайовха бу, марха досту деза денош тIекхачале, Iедалан мукх карахьболчара, »къинхетаме» гIулч а яьккхина, хIусамашка йовхо кхачо и Iаламан сурсат чу а хецна, шаьш ирсе дийр ду аьлла.

XS
SM
MD
LG