ТIекхочийла долу линкаш

Цкъа а ца хилла оццул дукха мухIажирш


Швейцари-- Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин МухIажиршкахула йолчу агенталлин Global Trends раппорт, Женева, 20Ман2016

Швейцари-- Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин МухIажиршкахула йолчу агенталлин Global Trends раппорт, Женева, 20Ман2016

ХIинцачул масех шо хьалха, 2011-чу шарахь дIакхайкхинера Цхьаькхеттачу Къаьмнийн Юкъаралло, цу шарахь санна махках я цIийнах дала дезна дукха адам исторехь хилла а дац, аьлла.

ХIетахь 42 миллион сов адам дара, мухIажар а хилла, хийрачу мехкашкахь я шийрачу меттигашкахь тховкIело лоьхуш.

ХIинца, оршот дийнахь, Дуьненаюкъарчу мухIажирийн денна лерина Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн Женеверчу мухIажирийн коммисариато довзийтина керла терахьаш кхин а алсам ду, ма-дарра церан ойла йича, Iадол.

2015-чу шарахь, цу терахьашца, 65 миллион сов адам дара цIийнах даьлла, мухIажирш хилла лелаш. И бохург ду, кху лаьттахь карарчу хенахь мел бехачу нахах хIора а 113-гIа адам мухIажир ду бохург. Цул совнаха, 2014-чу шарахь чул а кхин а I2 миллион сов стагах мухIажир хилла бохург а ду иза.

МухIажиралла дуьне кхоьлличахьана а хилла ду, дуьххьарлера адамаш Дала лаьтта досийча, Адам карарчу хенахь Шри-Ланка олучу Цейлонехь воссийна хилла, ткъа Хьава СаIудийн Iарбарчу Джиддехь нисйелла хилла, цул тIаьхьа вовше лоьхуш дукха хан зама яьллачул тIаьхьа и шиъ Iарпа-ломана уллохь вовшах кхетта аьлла бусулба динехь дуьххьарчу адамех долу дийцар.

Цу кепара, адамийн истори – иза мухIажираллин истори а ю. Амма вайн заманахь санна дукха тIемаший, мацаллой, баланийн шайн хIусамашкара я мехкашкара бохийна новкъа баьхна нах хилла а ца хилар вуно тамашийна ду, кху лаьттахь вайн заманахь санна сурсатийн шорто а, дуьненан таронийн шорто а йолуш хан хIинцалца схьа хIоьттина ца хиларна.

И ши хIума – дуьненан таронаш кху лаьттан цхьаццадолчу мехкашкахь алсамйовлар, ткъа адамаллин цхьа доккха дакъа баланаш а, тIемаш а, мацалла а лан дезаш хилар лору дуккхаъчу тершамхоша а, историн а, социологин а Iилманчаша а дуьненчохь сел дукха адам кху хенахь мухIажир далар.

Иза – и лаьттан ресурсаш уьш карахь йолчара я царна тIекхача йиш йолчара нийсонца йоьгIуш ца хилар, дуьненчохь социалан нийсо хьоьшуш хилар лору тIаьхьарчу шина шарахь мухIажиршна гIодар Iалашо а лаьцна, шен боллу бахам а, таронаш а, хан а Европе схьаоьхучу де эшначарна белшаш гIорторна хьажош йолчу адамийн бакъонашларйархочо Борнхайм Штеффис а.

Шена гонахьа агIончийн а, доттагIийн а тоба вовшах а тоьхна, шайн доларчу машенашца Итале а, Греце а оьхуш, цигара мухIажирш Европа мел ю царна луъ-луъчу мехкашка дIасакхуьйлуш ю и Австрин яхархо. Маршо Радионе иштта дийцира цу зудчо шайн боламах лаьцна.

Борнхайм Штеффи: „И оха лелош дерг тхан тхайн долара инициатива ю, Австерчу маьршачу юкъараллин инициатива. Карарчу хенахь мухIажиршца хIоьттинчу гуманитаран катастрофано вуно дика гойту, кхузарчу низамийн хьоло адамаллина новкъарлонаш еш хилар а, адамаллечу леламех криминале хIума деш хилар а.

Суна хетарехь, адамаш кхеташ ду, цара шаьш шайгара юкъараллин а, адамаллин а хьуьнарш гайта дезийла бохучух, шаьш иза гайтича шайна цунах Iедало цхьа таIзар дийр ду я дац билгал хууш дацахь а. Цундела, и риск, и кхерам оха тхайна тIе ца эцча ца долу. Кхуза кхача гIерташ бевдда баьхкинчу мухIажирша шайна тIе лаьцнарш бу тхуна кхочуш болчу кхерамашца буста йиш а йоцуш баккхий кхерамаш. Цундела и пайдабоцу кхерам, Iедална тхаьш гучудовлахь хиндерг бохуш болу, оха тIеоьцуш бу.

Цкъачунна цхьадикка хIара аьлла цхьа а проблемаш а ца хилла тхан. Тхуна мелхо а го, нагахь санна наха хаза цхьаьна, юкъара болх бича, тIаккха цу белхан жамIа а хуьлу. Цхьаьна, бертахь, дуккхаъ хIумнаш хийца йиш ю вайн“.

Ала догIу, Борнхайм Штеффи а, цуьнан накъостий а легала боцу мухIажарш бахкош богIуш новкъехь Европин муьлхарчу а пачхьалкхан Iедалхоша совцабахь, царна ахчанца даккхий гIуданаш а, ур-атталла набахтехь яха хенаш а тоха йиш ю.

Бакъду, цара мухIажиршкара уьш дIасабуьгург ахча доккхуш ца хилар цаьрга тIечIагIделча, таIзар мелла кIедох хир ду царна. Ткъа ахча цара, кхеташ ма-хиллара, цу балхах оьцуш дац, деккъа адамаллин а, къинхетаман а бахьанашца лелаш болчу.

МухIажиршна гIо деш европахошна юккъехь мел дукха къинхетаме нах белахь а, амма миллионашкахь Европе кхача ка ца долуш дозанашкахь совцийна, я хIинца а цу дозанашка кхача генахь болуш, некъ беш бу Шемара а, ОвхIанера а, Африкерчу пачхьалкхашкара а бевдда нах. КIеззиг бац иштта Нохчийчуьра Европе кхача новкъабевлла хIора дийнахь Полшин доза хедош берш а.

Карарчу хенахь уггаре а дукха мухIажирш Туркойн махкахь гулбелла – цигахь 2 миллион ах миллион мигрант ву. Европерчу пачхьалкхашна юккъехь уггаре а дукхаха мухIажирш тIеэцнарг..

Карарчу хенахь уггаре а дукха мухIажирш Туркойн махкахь гулбелла – цигахь 2 миллион ах миллион мигрант ву. Европерчу пачхьалкхашна юккъехь уггаре а дукхаха мухIажирш тIеэцнарг Германи ю, даханчу шарахь миллион сов стаг тIеэцна йолу. Карарчу шарахь кхин а мел кIезга а ах миллион мигрант шаьш долчу кхочур хиларх кхеташ ду немцойн Iедалш – доккхаъчу декъахь хIинцале а схьакхаьчначу мухIажирийн доьзалш я гергарнаш хир бу уьш.

XS
SM
MD
LG