ТIекхочийла долу линкаш

Мел жима, кIадбоцуш хетало хIума а тергамза ца дуьтуш, массанхьа кхача гIерташ, нийсо-бакъонан бух тIехь низам толаме кхачо Iалашо лоьцуш, каде къахьоьгу прокуратуран белхоша махкахь. Цунна тоьшалла до хIора баттахь, кхаа баттахь, шарахь цу урхаллин белхан бIаьрла жамIаш гойтуш кечдечу кехат-тептарша.

Йоккхачу самонца, низамана гIароллехь лаьттачу прокуратуран тергамза ца дуьсу Iедалан хьукхмат-урхаллашкахь, доьшийлашкахь галдаьлла мел жима хIума а. Сихонца ледарло дIаяккхар тIе а дожош, низамхоша хьаькамашна бехке дуьллу Iедалан белхалошна, гIуллакхъхошна я дешархошна -студенташна а, кхечарна а жимма а халонга долуш долу мискъала зарратал а кхачамбацар.

Мехкан прокуратуро самояр, адамийн бала кхачар гойту дахаран массо хьелашкахь. Масала, цуьнан говзанчаша Ленинан кIоштан суьде дехар дина социалан машанехь интернет -провайдаршка «ВКонтактехь» агIо дIакъовлар тIедуьллуш. Низаман урхаллина хетарехь, цу хьостано ша-шена тIе куьг даьхьина валар марздо.

Прокуратуран белхоша зуламе, кхераме ю аьлла «ВКонтактехь» къастийнарг суицид олучу Iожалле кхойкху масех агIо ю. Зорбанехь и агIонаш еша кхиазхой а аьтто хиларна, уьш вуно кхераме лору низамхоша.

Мехкан прокуратуро цул сов ишта гIулчаш яьхна бусалба нахана вас хинйолу, церан хьажам-ойла аьшнаш ян тарло, къаьмнашна юкъара барт-марзо галйоккхуш долу язораш интернет зIенехула гIар ца дийлийта а.

Мехкан прокуратура шен хенна юкъайолар бахьанехь,талламхочуьнан гIалат нисдеш, бехк токхаман гIуллакх доладайтина Хьалха-Мартанан кIоштахь. Цигарчу цхьана вахархочо «Одноклассники» социалан машанехь экстремизм чулацам болу хаам дIасабаржийнашехь, цунна дуьхьал бехк токхаман гIуллакх долийна ца хилла талламхочо.

И ледарло дIа а яьккхина, нийсо толийтарна тIехьажийна ладаме гIулч яьккхина прокуратуро. Низамна гIароллехь лаьттачу мехкан урхалло цу кепара нийсо, бакъо толош, шовкъе белхаш бар гойту масалш дукха ду.

Бакъду, сел тIахъаьлла хьийзаш низамхой белахь а, цхьа кIадбоццу хIуманаш гар доцург, маьхькIамхоша кIошташкахь лело харцонаш стенна ца го низамхошна?

БIаьрзечунна гуш долу низам талхор ган саготта стенна бац бакъонан гIаролхой?

Маца буьйлалур бу уьш бахархойн арз-леткъамаш чуэца а, кханенаш а ца йохкуш, де эшначунна орцах бийла а?

Цкъачунна жоьпаш доцуш дуьсуш делахь а, иза а, кхин а хеттарш дахарера дIадовлуш дац. Адам цецдуьйлу бала ца кхочурш а хилла уьш юьстах латтарх. Цара бечу балхах доцца элира Шелан кIоштарчу Хьусайна.

Хьусайн: «Цкъачунн цхьа пайдабоццу хIумий бен, цара тидаме оьцуш а дац. Латкъам схьа а ца оьцу. Даржаш-м ду цаьргахь кхин хIума-м дац. Шортта алапа а оьцуш Iаш бу-кх, тергалдеш адам а дац. Цара цхьалха доккхуш цхьа гIуллакх а дац. Цундела царех нах ца теша хIинца…»

Халкъалахь кху деношкахь эладита санна лелаш хабар ду, прокуратуран белхой а, суьдхой а Москварчу куьйгалхоша, цигга кхеташоне дIа а бигина, бан беззара болх бан декхарийла бина бохуш. Хено гойтур ду и мел бух болуш ду а.

XS
SM
MD
LG