ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан бахархойн, кхечу мехкашкарчу нехан а санна, бакъо ю прокурорашкара гIо лаха а, карон а. Оцу тIехь дуккха а къа а хьоьгу низам лардар шайна тIехь долчу оцу хьукматаша. Делахь а, тоаме ца го Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашъярхойн болх.

Оцу хьолаца дузу Маршо Радионо шен кху кIиранан хаттар. Шуна муха хета, харцо эшочохь, шуна зуламах лардала дезначохь орцахбовлий прокурораш? Iедалний, халкъаний юкъахь далой цаьрга маслаIат?

ХIоттийначу хаттаран хьокъехь вистхила лаам болучарна йовзуьйту тхайн телефонаш.

Прагера телефон: + 420 724 019 832

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 420 724019832

Хетачух лаьцна яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG