ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнна тоьхна лаьтта санкцеш кхин а ялх баттана яхъян сацамбина Евробертан арахьарчу гIуллакхийн министрша. Бахьана даима а санна цхьаъ ду – Украинера ГIирма дIаяккхар а, Донбассерчу сепаратисташна тIекарло латтор а.

Шинарийдийнахь Люксембурге гулбеллачу дипломаташа доьху тIедогIучу кIиранах Брюсселехь хинйолчу Европан Бертан саммите шайн сацам тIечIагIбар.

Европан цхьаболчу мехкаша-декъашхоша Оьрсийчоьнца кIеда хилар дехахь а, Германин канцлерна Меркел Ангелина тIебогIучу баттахь хан кхачош йолу санкцеш кхин а дIаяхъяр тоьлу аьлла хета. Словакино, Венгрино, Италино, Кремлан агIо а ца лоьцуш, карара шо дерззалц санкцеш латтор къобалдан деза, аьлла Меркела.

Ши шо кхочу Европано а, кхечу цхьацца мехкаша а Оьрсийчоьнан финансийн гонаш, цхьаболу хьаькамаш, бизнесхой, политикаш, энергетикан хьукматаш хIора эха шарахь ша дIаяхъеш схьаяхьачу санкцешна кIел кхобу.

XS
SM
MD
LG