ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бахьрейно шех дIахервина шен вахархо-Iеламча


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин адамийн бакъонашкахула йолчу офисо бехкейина Бахьрейн шиIатойн аятолла Къасем Iиса оцу махко, дуьненаюкъара низам а дохош, шен вахархочун бакъонашкара ваккхарна.

Адамийн бакъонашкахула йолчу агенталлан пресс-гIоьнчас Шамдасани Равина шинарийдийнахь Женевехь вистхуьлуш, харцо ю элира суннатойн Бахьрейно Iеламчина йинарг. Оршоьтадийнахь Бахьрейнан полицино аятолла Къасем Iиса бехкевина ГIажаройчоьнехьа шпионалла лелорна, цо махкахь гIелонаш яржайо, дин галдоккху, аьлла.

Къасемехьа болчу эзарнаш наха протест йолийна Бахьрейнехь. ГIажарийчоьнан Исламан Революцин ГIаролхой олучу корпусан буьйранчас Сулеймани Къасема дIахьедина, Бахьрейнан Iедало шена «вон тIаьхьало лоьху», цунна шиIатошца тIом оьшучух тера ду, аьлла.

Вашингтоно а бехкедо Бахьрейнан Iедал цо, билгалдевлла бахьанаш а доцуш, шен махкахо Къасем вахархочун бакъонах дIахерварна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG