ТIекхочийла долу линкаш

Путинна агрессорех таръелла Европа а, Штаташ а


Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думехь кхаарийдийнахь президенто Путин Владимира дIахьедина, «Атлантикан альянс дозанашкахь агресси яржийна хьийзачу муьрехь пачхьалкх декхаре ю шен кхерамзаллин ойлаян», аьлла.

«Агресси», «агрессорийн риторика» - оцу дешнашца дечу къамелехь цо бохура, Оьрсийчоьнан куьйгалхоша гIайгIабан беза «пачхьалкхан турс-потенциал дебош». Тахана йолуш йолчу альянсийн дозанашкара яьлла кхерамзаллин система юха а кхуллуш, Латта дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьалхIотта деза, и кхерамзалла кхуллучу новкъахь Оьрсийчоь кийча ю диалогна, элира Путина.

Депутаташна хьалха дечу къамелехь цо хастийра Дума шена Украинах ГIирма дIахадош гIодарна. Кхаарийдийнан кхеташо 6-чу пачхьалкхан думин тIаьххьараниг яра, официалехь цуьнан болх берза кхин а ши бутт бисинехь а.

450 меттигах лаьтта парламент юхахоржур ю Оьрсийчохь Гезгмашин-беттан 18-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG