ТIекхочийла долу линкаш

Германин арахьарчу гIуллакхийн министра Штайнмайер Франк-Вальтера, Европа «керлачу гаранашка екъалучу кхерамна кIел ю», аьлла даржийна. Нацистийн Германи Оьрсийчоьнна, Украинана, Беларусна тIелетта 75 шо кхачарна леринчу шен къамелехь цо боху, «Европера машар шашаха лела безаш санна гойла дац».

Атлантикан тIеман аьльянсаний, Оьрсийчоьнний юкъаметтигаш дипломатин диалоге яха еза, тIеман риторика а йитина, аьлла Штайнмайера Оьрсийчуьрчу Комменсант а, Белорусерчу Неделя газеташкахь. «Вай ваьшна юхайогIур а яц моьттинчу вочу заманийн хьелашка даьхкина цхьана агIоно шеггара, дуьненан бакъо а йохош, луларчу махка эскарш даржорца, пачхьалкхийн цаязар тергамза дитарца», боху немцойн дипломато, Оьрсийчоьно Украинера ГIирма яккхар тидаме а дуьллуш.

Атлантикан альянсна хьехамбеш, Штайнмайера боху, иза ларъяла еза шен малхбалерчу дозанашца дIахьочу тIеман Iамораш бакъ-тIаме дерзарх. Оцу Iаморийн меттана Оьрсийчоьнца диалог лаха еза НАТО-но, аьлла хета Германин арахьарчу гIуллакхийн министрна.

XS
SM
MD
LG