ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Исинбаева Еленина Олимпиаде яха лаьа...


Оьрсийчоьнан цхьайолу спортна дуьненаюкъарчу Олимпиадехь дакъалаца дехкар ша кхеле лур ду, аьлла лакхалла йоккхучу кепехь дуьненан чемпион йолчу Исинбаева Еленас. Шинарийдийнахь олимпан кхеташоно дIахьедина, Оьрсийчуьра спортхой ловзаршка кхочуьйтур бац доппингаш спортехь яьржина йоцийла гойту тоьшалла оцу пачхьалкхо охьа ца дахкахь, аьлла.

Исинбаевас ша лелийна яц доппингаш, цундела тешна ю олимпиадехь шен Оьрсийчоьнан байракха кIел хIотта йиш хирг хиларх, боху. Иза йоцург кхин а бу оьрсашлахь дуьненан спортан арбитраже доппингца доьзна шаьш ши бутт баьлча дуьйлалучу дуьненаюкъарчу къовсадаларшка ца дитарх арздан леринарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG