ТIекхочийла долу линкаш

Безаман ницкъ

ЧIагIлуш дIабоьдуш бу безам. Эрна ца аьлла!

«Хьан шийлачу кехатна дуьхьал шийлла кехат а яздина, ойланаш еш Iаш ву со, – яздира Мурида. – Масех де а ду волу.Цу сайн ойланийн хьийзаре хьаьжча, берахь сайна гина цхьа сурт схьахIоьттира суна хьалха». Циггахь йоза саца а дина, корах арахьаьжира и. Гуш хIума дацара: Iаьржа бода бара арахь.

Бешарчу диттийн дайн шаха хезара. Геннахь, клубехь хила а тарлуш, лоь­кхуш пондар а бара. Амма цу аьзнашка ладоьгIуш вацара Мурид. Шена хьалха хоьттинчу генарчу суьрте хьоьжуш вара, шерийн стоммаллех чекх.

«Ши леча дара кху тхан юьртана юххерчу бердах дехаш. ХIор шарахь ши кIорни кхиайора цара, кхокхарчий а даош. Евддачул тIаьхьа кIеззиг Iама а йой, и ши кIорни цхьанахьа-м дIахьажайора. Уьш кхин юха гуча а ца йовлура. Цхьана шарахь, мохкбегийча, и берд чутекхнера лечарчийн бен а тIехь. Хьовса баханчаьрца со а вара. Массарна а девзаш дара лечарчийн Iер-дахар. Оцу бен чохь кIорнеш хилла хилар а дара хууш. Уьш-м хIаллакьхиллера, шеко а йоцуш. Вуьшта, лечарчех хIун хилла те? И хаттар дара массеран а дагахь.

Даима а кхузахь дехашхилла долу и башха олхазарш безам хеташ дара юьрта­на а. «КIорнешна кхачанна арадевлла хир долуш ду уьш», – бохург а дара баккхийчаьргара хезаш. Иштта хила а хиллера. Цхьана хенахь, кIаддаларна партала тIемаш а доьттуш, деана схьакхечира ши леча. Цхьаьнгахь ижу яра. Когийн мIарашца а лоций, йохьура цара иза, цхьаъ кIадделча, вукхо шега а оьцуш. Ткъа ижу – кхокха хуьлура гуттар а. КIорнеш кегий йолчу хенахь, тила а бой, корта дIа а боккхий хуьлура (кIорнешна аттонна хилла ца Iаш, мохь байбархьама а хир долуш дара и: генара бохьуш хуьлура церан и кхокха).

Ткъа кIорнеш андаевллачу хенахь – тилонза хуьлура (кIор­неш Iамо). Дикка генахь долуш хиира цаьршинна бенан гIуллакх меттахь доций. Шайн тIеман-орцанан цIогIанаш а тоьхна, бен хиллачу хьаьдира ши леча. И кара а ца бина, юхаделира.ТIаккха а, тIаккха а хьаьдира бен хиллачу. Кхо­кханца дерг чIогIа гIелделлера: халла лестадора тIемаш. И гиначу вукхо, цунна кIел а нисделла, аркъал а дирзина, хьалакховдийначу когашца шега ийцира кхокха.

Оццул йоьхначу цу киртигехь а ца теснера цаьршиммо вовшийн доладар. «Дейиса, оьздалла, хьан, – элира цхьана воккхачу стага. – Мел хало хIоьттича а, ца южу йолчуьнгара!» Иштта, и кхокха вовшашкара схьа а оьцуш, орцанан цIогIанаш а доьттуш, дехха хьийзира ши леча бен хиллачу метте. Кхокха тIаьххьара а охьакхоьссира. Тила а бина, корта а боцуш бара. Андайовлаза хиллера, мисканаш, кIор­неш. Генна дIадоьдуш, хьаьвззий юха а схьадогIуш, тIаьхь-тIаьхьа гIеллуш боьдучу маьхьарца хьийзара ши леча бен текхначу берде…

Иштта хьийза, Мамура, хьуна гонах сан ойла а. Хьан тIаьххьарчу кехатан шийлалло къахкийна йолу иза, цкъа генна дIайоьду, аганан аннашка гIортталц. Дахаран беха некъ кегабо. Амма юха а, хьаьвззий йогIий, хьуна тIе хIутту. Хьуна ас бехк ца буьллу: хьан кехатан шийлалла бахьа­наша кхоьллина ю. Борзанан керташ санна, лаьтта уьш вайшин-на юккъехь…

Ахь-м церан кIорггера ойла ца йина хила а тарло. Вуьшта, хьан дагна уьш ца хаалойла дац. Ткъа уьш хааделлачу даге шело а муха оьккхур яц? Амма сан… кийрахь дог цIийза, цамгаро хьаьшна бер аганахь санна.Ойланаш хьуна гонах хьуьйзу. Бердашка санна. ХIун де ткъа, гIуллакхаш иштта нисделча? Вайн карахь – дерриг а дац. Дахаран чалхалахь дIовшан кад мелча, Къонахийн чIичкъаш а тац...»

Циггахь а сацавелира Мурид. Замано а, кийрарчу Iий­жаро а гIелдина бIаьргаш арарчу бодане догIаделира. Пондар дIатийнера. «Хан яьлла», – иккхира дага. Сахьте бIаьрг­ туьйхирацо: шолгIаниг доладеллера. Охьавижа дезар дага деана, маьнганехьа хьаьжира.

Божарша дIалистина болу иза, да воцург санна лаьттара, хьуьлла сонехь. «ХIара хIусамаш а хIиттийна, зуда бохург а ялийна, ваха охьахиира со, вай вовшах къаьстинчул тIаьхьа. Дехачу ше­раш­кахь шайн кIантах хьегначу тхешан дена-нанна там бан лиъна а бира ас и болх. ХIетахь дуьйна ткъе пхи шо даьл­ла. Да-нанаа доцуш ду. Зударшца дерг а галхили сан. Ца тарвели. Наха-м бехк сан лору. Хила а тарло. Ва амма, дор­цан марха санна, дуса а делла, неIарш а етташ, пхьегIаш а екош, ча санна, цхьа адам чухула хьийза доьлча – са ца тохало-кх соьга.

Телхинарг, татанаш а доцуш, дуьйцуш лиънера суна. Зудий, майрий – дахаран хала дукъ цхьаьна ийза вовшахкхеташ долу ши адам – вовшашна тешаме, вовшашца мерза хила лиънера суна. ХIора минотехь а вовшашна са а дIадала кийчча доттагIий хила лиънера. Вониг а, диканиг а вовшашка дуьйцуш, вовшийн гIалаташна геч а деш, вовшашна ямарт а доцуш, ма-шаре даха лиънера.

Цаьршиннан дегнаш тIехь кхоларан марха доллучу хIуманал ирча хеттера. Доцца аьлча: «хIусамнана» ца езнера суна, деган доттагI везнера. И суна нис а ца вели. Цхьаллин Iаьржачу боданехь виси…Кху сайн хIусамера араваьлча-м, школехь а, юьртахь а, яй санна, кхехкачу дахаро дIавадавора со, дистинчу хиэ хен санна. Дерриг а дицлора. Амма кху чу вирзича… тайнарг дийца а, цатайнарг далхо а шена накъост оьший, цIев­за-кх дог.

Сайн шовзткъе итт шо дуззалц оцу накъостах дог цадуьллуш вара со: «шовзткъа» шарехь соьцура ойла. «Нислур и» олий, хетара. Амма и шовзткъе итт шо сайн дуьзначудийнахь (оцу цхьана дийнахь!) ткъа шарна къанвелира со: «шовзткъангара» «кхузткъанга» иккхира ойла. ХIетахь дуьйна (диъ шо даьлла цул тIаьхьа а!) «накъостах» дерг дитина Iаш вара со. Хала а хиллера и дита. ОхI, хала хиллера цхьалла тIеэцар…

Далхадан лиъначийн тийна деш къурдаш,

Суьйренца, Iуьйренца шеца ша сецар.

Дерг дуьне тарделла хIоьттинчу хьерах,

Я хIусмах – саьрмак а туьйранахьлера,

Цхьаллин кху бодане хьийзаш со Iара.

Ураман дийналле хорам байбайта,

Белхан цу кхехкаре цхьалла йицъяйта

–Сих-сиха вуьйлура ара…

Иштта со бIарзвелла хьийзачу хенахь,

Лепарехь таръелла башхачу гIенах,

Малх санна, гIаьттира хьо.

Бодане сан ото сирла къагийра.

Дагна сан озийна гIура лалийра.

Денвелла хьаьвзира со».

Мурид шен кхоллараллин шовкъан эстетически мерзалла Iийша а витина, цунах лаьцна кIеззиг дешнаш эр ду вай. Мамура гIалахь ехаш а, болх беш а яра. Цуьнан вуьрхIитта–берхIитта шо долчу хенахь Мурид а вара гIалахь. Мамуре безам бахара Муридан. Винчу юьрта а вирзина, зуда а ялийна, ваха хаа дагахь и лелаш волу мур а бара и.

Дуьненан бахамаш берриг ца эца а, и шен верзар Мамурица хуьлуьйтур долуш а вара. Амма хIетахь Мамурина тIехьийзаш Муридан «хьо-со» долу стаг вара. Цундела, шен дог аддамна а ца хоуьйтуш, дIавелира Мурид гIалара. Доьзалан гIуллакх гал а даьлла, цхьалла тоькхучу дехачу шерашкахь а Мамура дагара ца йолура цунна. Доьзалан гIуллакх меттахь доцуш иза а лелаш хилар а хаьара. ХIеттий а, цунна гучувала а, я цуьнга кехат яздан а ца хIуттура: оццу муьрехь и марехь ю-яц хууш ца хуьлура.

Цкъа, шо гергга хьалха, газет тIехь балхана хестош карийра цунна Мамура. Сурт а дара. ТIаккха, кхин садетта а ца делла, кехат яздира Мурида. Хьехош дерш тIехулара хIуманаш дара, амма кехатан чаккхенгахь «деган доттагI хьан ву-вац хаац суна» бохург дара. Дуьхьал деаначу кехатца и цунна хьалхахь лаьтташ долу сурт а дара, ткъа, цул совнаха, «деган доттагI ван а вац, нагахь хилахь, хьох бен хир волуш а вац», бохург а дара.

Иштта доладелира Муридан а, Мамурин а вовшашка кехаташ яздар. Школехь каникулаш хилча (хьехархо вара и) я Мамура ша волчу схьаялийна, я ша и йолчу дIавахна, оьшуш хилахь, дуьненан йистте вахна а, йисина зама цуьн­ца цхьаьна яккха ойла сецна а вара Мурид, Мамурин «шийла» кехат кхаччалц.

«Даш-маьIда санна Iохку сан стоьла тIехь хьан жимачу куьйго яздина кехаташ а, хьан безаме суьрташ а. Кест-кеста хьоьжу со кхаьрга. Наб яйна, буьйса яхъелча а хьоьжу. Болх кхачийна, де дазделча а хьоьжу. Дерриг а дагна мерза хета, бIаьргана хаза хета, ларамаза хьекхна долу хьан йоза а тIехь. Амма хIара хьан тIаьххьара кехат шийла хили. Цуьрриг кIоршаме а, дера, дац хIара-м. Важадерш санна, суна мехала а ма ду. Цаьрца цхьаьна сан стоьла тIехь лаьттар долуш а маду, со дийна мел ву.

Ва амма, дог човхий-кха сан кхуо, Iаьнан хьалхарчу эсаро гуьйренан тIаьххьара зезаг санна… Со а сайнцхьаллин гIу чу дIавуьйжи, кхин хьала а ца вала. Бакъду, хIинца бода бац сан есачу хIусамехь: хьан кехаташа а ша къагийна хIара. Цу серлонна баркалла хьуна, Мамура!

И серло ехар ю соьца, лаьтта тIехь вехаш со мел ву. Иза а ехар ю, ткъа цунна уллохь –байттамал дехар чаьмза.

Шен хеннахь вовшашка хIунда ца кхевдира вайша?

Кхерам тIегIоьртинчохь, наний-бер санна, хIунда ца хьаьрчира вовшеха вайша? Хийла дош хьан дагна Iаьткъина хир ду,

ДIовш долу кIохцалий дегIана санна.

Йоьхначу ойланийн дарцо

Хийлаза, бIарзйина, хьовзийна хир ю.

Цхьаллин мохь базбелла,

ЦIийзачу дагна

Там лехна, бIаьргаш ахь

Кхарстийна хир ду.

Изза ду-кх, Мамура, дехачу шершкахь,чаьмзачу сайн цхьаллехь ас хьоьгуш дерг а…

Арахьахь вайшиммо эрна мел лехнарг,

Ехачу хенашкахь дегнашна дезнарг

–Вовшашкахь вайшинна нислург хиллера,

Дахаран некъа тIехь яьхна ирхонаш,

Цхьаллехь вай текхийна ирча язонаш

–Яханза, текхонза юьсург хиллера.

Байттамал хIоьтти-кха лиъначийн метта,

Декъазчу кхожан дай вайша хили.

Iийжинчу вайшиннан дегнех дIалетта

Цамгарех буьрсаниг – цхьалла–йиси.

Ойла еш Iаш ву со бехачу нехан:

Шайн ирсан доккхалла гой техьа царна?

Вовшийн дегнаш хьеста йолчу бакъонах

Дуьззина оьций те дезар оцара?

Ирчалла ю-кха и, нагахь ца эцахь,

Нагахь уьш вовшашна дарбелла хьийзахь,

Нагахь цар вовшашна кIон дешнаш кхийсахь!

Некъ мерза хийла хьан…

Амма сан

Кийрахь дог цIийзар ду,

аганахь цомгуш бер санна.

Ойланаш хьуна гох хьийзар ю,

текхначу бенна го холхазар санна.

ХIун де ткъа, иштта нисделча, Мурид?»

Олхазар дийкира бешахь.

ша-шаха дIахьаьвсира бIаьргаш.

Геннара стигланан йист сирлуш яра.

Доккхачу ото чохь цхьана

Хиъна Iаш воккха стаг ву.

Йозанца дийцарна Iана

Воллучух тарвелла ву,

Кечвелла хеташ и ву.

Отон тховх лампа-ма кхозу,

Амма и серло еш яц!

Мохьмад-Салахь Гадаев вина ГIуран-беттан 6-чу дийнахь, 1909-чу шарахь. 1928-чу шарахь иза Ростовехь рабфаке деша дIехIутту. 1930 шерашкахь иза Нохчийчохь историн а, меттан а, литературин а Iилман-талламан институтехь болхбан волало иза. Лермонтовн а, Толстойн а, Пушкинан а, Некрасовн а, Шевченкон а дийцарш нохчийн матта гочдо. Цу хенахь цуьнан ши киншка арайолу “Ши стаг”, “Буьйсанан дошло”, “Нус”, “Гуьржи”, “Акхалла”, “Хазман”, “Накъостий”, кхиерш а.

1942-чу шарахь иза антисоветан агитаци лелорна а, национал-троцкистийн тобанан декъашхо хиларна а бехке а вой, пхийтта шарана набахти чувуллу. 1957-чу шарахь иза набахти чуьра араволу. 1957-чу шарахь иза Iедало юха а лоцу, нохчийн къам сийсаздина, яздорхо вийна, аьлла, бехке а во. Амма тоьпаш тоха дина таIзар хуьйцу, цуьнан метта 25 шо набахти чохь даккха хан туху цунна.

1972-чу шарахь набахти чуьра ара а волий, Даймахка юхавогIу иза. Араваьлча, псевдонимах пайда а оьцуш, цо дийцарийн гуламаш язбо. 1972-чу шеран ГIуран-баттахь Мохьмад-Салахь кхелха.

XS
SM
MD
LG