ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британи юьсу я ца юьсу Евробертан декъахь?


GRAB Britons Cast Their Votes In EU Referendum
GRAB Britons Cast Their Votes In EU Referendum

Британи Европан Берта юкъахь йиса еза я юкъара яла еза, аьлла хIоттийначу хаттарна жоп луш, референдум яра йоьдуш оцу махкахь еарийдийнахь. И хаттар британхошна хьалха хIоьттина 1975-чу шарахь иза Европан юкъараллан декъаяхчхьана дуьйна схьа дуьххьара.

Ах бIе миллион гергга болчу британхошлахь и хаттар ира лаьттара кху тIаьххьарчу беттанашкахь. Низамаша декхаре цайо пачхьалкх референдуман жамIаш дахаре дерзон. Уггаре хьалха Британина, Европан Берта юкъара яла оьшу цуьнан парламенто тIеэцна сацам.

Мохк Европан Бертехь буьсийла луучех ву Британин премьер-министр Кэмерон Дэвид ша а. Ингалсхошна шаьш пачхьалкхийн юкъарчу гонера бовлар хьедан бахьана луш ду царех дуккхаъчарна ЕвропанБарт, бюрократи а яржош, шайн пачхьалкхан гIуллакхашна юкъагIертар цадезар.

Иштта ца тов британхойх цхьаболучарна эконимика юкъара хилар а, эммигранташ махка баржар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG