ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаран Европехула а, Евразехула а гIоьнча йолу Нуланд Виктория яра еарийдийнахь Москох, Украинера конфликт ерзор дийцаредан еана.

Оцу хьокъехь хаамбина Оьрсийчуьрчу Iамеркан векалтан пресс-секретара Стивенс Уилла. Оьрсийчуьрчу коллегийн къамелашкахь дара Донбассера хьал, цигарчу къийсамаш берзорхьама тIеэцна Минскера барт а. Дийцарш Нуланда дIадаьхьна Оьрсийчоьнан президентан гIоьнчица Сурков Владиславца. Изза тема ша йийцарейинчу Киевера дийцарш дирзича яхара Москох Нуланд.

XS
SM
MD
LG