ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харжамаш хир бу боху...


Нохчийчохь харжамаш.
Нохчийчохь харжамаш.

Гуьйренан хьалхарчу,гезгмашин беттан I8-чу дийнахь, керла парламент хоржур ю Нохчийчохь. Цу хьокъехь сацам бина мехкан харжаман комиссино.

Хууш ма-хиллара кху беттан 16-чу дийнахь нохчийн парламент,депутаташа шаьш дага а бевлла,шайн кхеташонехь бинчу бартаца,хенал ши шо хьалха,олуш ма-хиллара декхарш охьа а дехкина, дIаса а хецаелла мукъаяьлла.

Гуьйранна хинболчу харжамашкахь къастор ву мехкан куьйгалхо а. КарабогIучу беттан 4-гIа де тIекхачале билгалйовла езаш ю мехкаден гIант дIалаца лаам болчеран цIерш а. Бакъду,тергамхоша а, бакъонашларьярхоша а, могIарерчу нахана а хетарехь цу даржехь хIинцаверг вуьсур ву.

Оьрсийчохь бехачу бен-бечу ккъаьмнийн векалшна иттаннашкахь шерашкахь зеделла хIума ду урхаллехь болчарна луъург депутат хоржуш а,куьйгалле хIоттош а хилар.

Шен-шен рожехь,йоккхачу,зевнечу гIовгIанца, хIара Iаламат мехала политикан кампани ю бохуш,кхайкхамаш а беш, кест-кеста дIахьуш лаьттачу харжамийн хьокъехь, уьш кхеторехь,вуно морзахе хьажамаш бу къаьсттина вайнехан.

ТIетоха а,дIадаккха а ца гIерташ,бен-бечу харжамийн хьокъехь долуш долу хьал мА-дарра гойтуш аьлча, ткъе иттанна тIера кхузткъа а,цунна тIехлилхина а хенаш йолчу бахархошка хеттаре вийлича гучудолу сурт Оьрсийчоьнна юьхькIаме дац.

Цкъа делахь дукхахболу харжамхой дакъалоцуш а бац кхаьжнаш тийсарехь,шолгIа цара цхьа дош а, маьIна а хеташ тIеоьцуш а бац Оьрсийчохь муьлххачу тIегIанахь а дIахьуш болу харжамаш. Харжамаш бо бохуш миллионашкахь ахча дойуш харж стенна йо техьа?

Юх-юха ,хьаббанех ловзучу берех тера Iеха а луш я шаьш нах Iехабо а моьттуш, и спектакалш хIитто кIорда ца до те Iедалхошна? Низам лардар перзачех перза хIума а долуш, бакълена а халкъо ша харжам беш хан йогIур а юй те ОЬрсийчохь?

Цу могIарера хеттарш коьртах дийлар а,царна шайлахь хьааме жоьпаш дала гIертар а, цхьа шатайпа синкхача а хилла беха цхьаболу сакъе доцу бахархой. Царалахь кхана-лама, шо даьлча я пхи шо даьлча, ОЬрсийчуьра харжамаш а, ша дахар а нийсонан,низаман хорша доьрзур ду ала хIуьттурш кIеззиг бен бац,нагахь белахь а.

Дукхахболчу махкахошна хетарг ду,масала харжамийн хьокъехь 65 шо долчу соьлжагIалахочо Хьасана дуьйцург.

Хьасан: « МоттаргIанаш лелор доцург харжамаш кхин бан а бац. Бу бохуш цIе ю-кх! ТIаьхьарчу ткъех шарчохь 3-4 хилла со хилла-м вац харжамашкахь. Суна дага а догIуш Масхадов хоржучу хенахь бар-кх нах кхаж таса арабевлла, очарташка а хIуьттуш!

Тосуш хилча а муха тосу,массо хена а ишта хилла а ду-кх иза Оьрсийчохь- цIерачеран метта а цхьамма дIа чу кхуьссу-кх кхаьжнаш. Кху тIаьхьарчу шерашкахь хийцаделла хIумма а дац и кхаж тасарехь,я хийцалур ду ала а дац».

Оьрсийчохь дIахьучу харжамийн нохчийн хилла ца Iа сел ледара мах хадош. ДIахьуш ерг муьлхха политикан кампани елахь а бахархойн кхетамехь олалла дийриг шеко ю.Церан жамIаш беламе,берийн ловзарш санна тIеоьцу могIарерчу оьрсаша шаьш а,ишта кхечу къаьмнийн векалша а.

Нахаца хиллачу къамелаша ма-гайттара,цуьрриг холча а ца хIуьттуш,сиха евза оцу харжамийн хьокъехь цара кхобу дог-ойла а.церан жамIех церан мел тешам бу а.

XS
SM
MD
LG