ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шанхайн юкъараллан саммитехь


ТIедогIучу 2017-чу шарахь ХIиндоймохк а, Пакистан а Шанхайн цхьаьнакхиархойн юкъараллана юкъаяха тарло, бохура Ташкентехь оцу юкъалонан саммитехь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.

«Исламабад а, Дели а кийчахила еза декъашхо хуьлуш, цуьнан декхарш жоьпалле эца», - элира цо. Иштта цо бохура, ГIажарийчоьнна а яц, цунна тIера дуьнено санкцеш яьхначул тIаьхьа цхьаьнакхетараллана юкъаяха цхьа а дуьхьало яц.

Регионера кхерамзалла а, ОвхIанистанера чолхе хьал а дийцаредан вовшахкхеттера пачхьалкхийн Шанхайн юкъаралла. Оьрсийчоь, Китай, Казахстан, ГIиргIазойчоь, Таджикистан, Узбекистан ю оцу юкъахь. Тергамхойн статусехь ю ОвхIанистан, Беларус, ХIиндойчоь, ГIажарийчоь, Монголи, Пакистан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG