ТIекхочийла долу линкаш

ЖамIаш низамо дахаредерзон тIе ца дожадо пачхьалкхана, амма Кемерон Дэвидан Iедало дош деллера, шен лаамна дуьхьалберш совбовлахь, ша Британи Евробертах къаьста процедура йолор ю аьлла. Референдумехь шен гонийн аьллар ца хилла, ша эшна аьлла хеташ волчу Кемерона дIахьедина, ша гурахь дарж дуьтур ду, махкана керла лидерш оьшу аьлла.

ТIаьххьарчу беа баттахь Британехь а, амма цигахь хилла ца Iаш, йоллучу Евробартахьа коьртачех хилла лелаш дара „Брексит“ боху дош, шина дашах - „Британи“, „экзит“, аьлча а „араялар“ - хIоттаделла долу.

Цхьаьнакхетта Британин оллалла Евробертан декъашхо кхин дIа а юьсу, я и пачхьалкхе Евроберта юккъера ара а яьлла, шен къаьстинчу новкъа йоьду боху хаттар дара цу дешан чулацамехь.

ТIаьххьарчу, къаьстина цхьана-шина шарчохь муьлха а чолхе хьал Евробертахь хIоттаделча, хуьлда иза мухIажарийн кризисца Грецехь хIоьттина хила чолхе финансийн хьал, я кхин муьлха а йоккха проблема Iоттаелча, шен буйнара ловзорг схьаяккхарна кхераделла бер санна, даима а мехеш еш, шаьш иштта ца ловзу, Британи Евроберта юккъера араер ю аш тхуна хIарий-хIарий привилегеш ца лахь, боху политика яра Кэмеронан урхалло дIахьош хилларг.

И кхерам тийсарца хийла шайн махкана кхечу европахойн йоцу таронаш а, аьттонаш а баха ка а делира цуьнан. Цул совнаха, я шенген бартана юккъехь а Британи йоцшехь, я евро ахча Британехь лелаш а доцушехь, шаьш британхойн муьлхачу а Европерчу пачхьалкхехула визанаш а йоцуш дIасалела маьрша а бара, Евроберто экономикехь а, юьртбахамехь а, муьлхачу а кхечу тIегIанна тIехь а шен декъарчу пачхьалкъашна лучу льготех пайда оьцуш а яра Британи.

​ХIетте а,цкъа хьалха аьтто популистийн партеша а, ткъа цул тIаьхьа цаьргара байракх схьаяккха гIерташ санна и церан паролаш схьаэцчначу Кэмеронан урхалла яра дуьхьара Британи Евробартах дIакъастар могIарерчу британхошка хатта деза, иза реферундумехь къасто деза аьлла дийцаре даьккхинарг.

Амма, бакъду, ша иза дийцаре доккхучу хенахь цунна ца моьттура, адамашлахь и Брекситан идея, аьлча а, Евробартах дIакъастаран идея сел томехь хетар ю а, ца моьттура цунна иштта цхьа могIа меттигерчу тIеIаткъамечу политикаша и идея жигара юхьаралоцур ю а бохуш дуьйцу Лондонера схьа Маршо радионе Европерчу стратегикаллин талламийн институтан Iилман белхахочо, политолого Асхабов Хьамзата.

Асхабов: „Референдум ша йийца йолочу хенахь, оцу Евробертаца цхьа дийцарш дархьама, Британина хала ду, тхуна кхуза Евробертара белхалой а схьаоьху, цара тхан белхан меттигаш дIайоху, царна пособеш дала а дезаш хуьлу тхан бохуш, цу хьокъехь шен махкана Евробартера тоьлла хьелийн хьокъехь мах бийцарна юккъе даьккхина дар.

Амма цунна дагахь а доцуш, Лондонан мэр хиллачу Джонсон Борис а, кхин а цхьана кхечу политикаша а и хIума юхьарлацар бахьана долуш хIинца кхунах билгал а Британи Европах дIакъаста сахть доцуш, беганна а йоцуш референдум хилла“.

Референдумехь британхоша жоп дала дехаш дерг цхьа хаттар ду. „Цхьаьнакхетта Британин мохк Евробертан декъахь биса беза я Евроберта юккъера арабала беза“ боху хаттар ду иза. Цу хаттарна британхоша жоп муха делла хенал хьалха хууийла дац, хIунда аьлча харжамашкахь магийна ма -хиллара, экзит-полийн хеттамаш бан референдумехь магийна ца хиларна.

Цул совнаха, телеканалашна а дихкин ду Британехь хIинцалерчу хеттаман чакхенах лаьцна шайхаллаш дан, бахархойн сацамашна тIеIаткъам цаьрга ца байта. Цундела референдуман жамIа пIераскан дийнахь бен хуур дац.

ХIетте а, дуккхаъчу букмекерийн кхерчаша а, талламийн институташа а тIаьхьарчу деношкахь белхаш бинера, референдумехь Европах дIакъаста луурш тулур-тея мелхо а Евробертан агIончаш бохучух лаьцна.

Шинари а, кхаари а дийнахь интернетехула Популус цIе йолчу консалтинган фирмано бинчу онлайн-талламо, масала, гайтира, Евробертан агIончийн терахь гергарчу хьесапехь 55 процент ду бохург. Ткъа Битфейр цIе йолчу Британехь уггаре а яккхийчех букмекерийн кхерчан аналисташна хетарехь, мел кIезга а, 85 процент британхой Евроберта юккъехь биса лууш бу.

Амма цу кепара деган ондо кхуллуш йолу прогнозаш аналисташ яхь а, британхой шаьш, хетарехь, цхьаьнна а кепара хиндолчух билгал хIума ала хIуттуш бац.

Цуьнан тоьшалла ду тIаьхьарчу деношкахь цу махкарчу хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, эзарнаш британхой сихобелла шайгара фунт стерлингаш еврошца хуьйцуш хилар.

Бахьана – нагахь санна дукхахболчу Британин бахархоша Евробертана дуьхьал кхаж тассахь, фунт стерлинган мах цIеххьана божа там бу, ткъа аьхка садоIа баха кечлучу британхошна цунах зенаш хир дара.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG