ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Штайнмайер: Британи, ца яьлча ца Iахь, сихха яла еза ЕвроБерта юкъара


Германин арахьарчу гIуллакхийн министра Штайнмайер Франк-Вальтера дIахьедина, Европан Барт кхоьллинчу 6 пачхьалкхана лаьа Британи, ша йолуш елахь, ма-хуьллу сиха Берта юкъара йолийла, пачхьалкхийн цхьаьнакхетараллера политикан хьал техка а ца деш.

Иштта цо элира шоьтадийнахь кризисца доьзна Францин, Италин, Белгин, Нидерландийн, Люксембурган коллегашца цхьаьнакхеттачохь. «Вай, юьхьанца дуьйна цхьаьнадерш, сихха цхьаьна а кхетта, Европан хиндолчух ойла а еш, болхбан декхаре ду, гергарлонашлахь иккхина кризис еха лаьттийла дац, оцо негативе Iаткъамбо Евробертана- аьлла Германин канцлеро Меркел Ангелас а шоьтадийнахь.

Европан мехкаш вовшахкхеташ, Лиссабонехь хIоттийначу бертан 50 артиклца а догIуш, Британино официалехь хаийта деза ша Берта юкъара йолу аьлла. Ткъа цу тIехь ду яздина: муьлхха а Евробертан пачхьалкх цунна юкъара йолийла ду шен конституцино хьоьххучу некъаца.

Британин конституцино декхарейо парламент пачхьалкх Евробертера арайолуш низам тIеэца, ткъа иза чекхдала деза массо а комитетех, шина а палатех.

ПIераскана Британин премьер-министро Кемерон Дэвида дIахьедира ша гурахь дарж дуьтур ду, Лиссабонан 50 артиклах а ца тийсалуш, керлачу Iедална некъ буьтуш, аьлла. 52 процент британхоша шайна шайн мохк Евроберта юкъара болийла лаьа аьллехь а, референдумехь бина сацам ца хIутту низаман могIара.

ТIедогIучу шинарийдийнахь Евроберто хIоьттина хьал дийцаредеш дIахьочу саммите ваха дагахь ву Кемерон. Цигахь цуьнга Британи сихха шен декъара яккха доьхур долчух тера ду Евроберто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG