ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Риман Папа Эрмалойчохь: геноцидах дош


Iосмалойн заманахь, 100 шо хьалха, эрмалой хIаллакбар дицдойла дац дуьнено, и къам хIаллакдан яржийна геноцид яра иза, аьлла шоьтадийнахь Ереванехь Риман Папас Франциска.

Эрмалойн геноцидан Цицернакаберд мемориалехь хьешан жайни тIе цо яздина: «Адамашна дика-вон къасто а Iемаш, цкъа а хIара санна трагеди ца хилийтар доьху ас Деле. Эс цкъа а ца мега дIасакхийса, дIатаса. Эс машаран а, хиндолчун а закъалт ду».

Кхаа денна вахана Франциск Эрмалойчу.

Риман Папас дина къамел цкъачунна тергамза дуьсуш ду Туркойчоьнан. Хонкара реза яц цхьацца пачхьалкхаша а, политикаша а, шайн дайн карах эрмалошна тIехь геноцид лаьттина бохуш, даржорна. Туркоша чIагIдо, трагеди ю ткъолагIа бIешо долалуш иккхина хилларг, цигахь эрмалойл кIезиг ца белла шайн дай, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG