ТIекхочийла долу линкаш

ОфхIанистанан малхбалехь баккхий тIемаш бу боьлхуш Iедалан ницкъашний, «Исламан пачхьалкх» олучу тобан дакъошний юкъахь, даржийна Кабуло официалехь.

Лаххара иттех Iедалхо а, могIара вахархо а вийна, 20-ха лазийна Нангархар провинцехь, хаамбина цигарчу губернаторо Кундузи Салимхана кIирандийнахь. Меттигерчу буьйранчийн реляцешца, I00 сов даIишхо вийна кху тIаьххьарчу 2-3 дийнахь хиллачу тийсадаларшкахь. Ткъа хьал йозуш йоцчу хьостанашкара ма-дарра довза аьтто бац цкъачунна.

XS
SM
MD
LG