ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан йозаллин атлетикан тоба шарна ловзаршна юкъара яккха тарло Дуьненаюкъарчу йозаллин атлетикан федерацино нохчех волчу олимпхочун Аухадов Аптин допинг-тесто и спортхо допингаш лелош ву аьлла къасторна.

Оьрсийчоьнан Олимпан комитетан низаман урхаллин куьйгалхочо Бриллиантова Александрас Оьрсийчоьнан векалш хилла Аухадовн тест толлучу тобан декъахь, уьш теш а болуш гайтина ду жамI, аьлла ТАСС агенталле.

Ша цхьа Аухадов а вац йозаллин атлетикехь зийначех доппинг лелош ву аьлла Дуьненаюкъарчу йозаллин атлетикан федерацино хьахийна. РогIехь толлунберш а допингаш лелош буйла гучудалахь, кхушеран Рио-де-Жанейрерчу аьхкенан Олимпан ловзаршка ца бита тарло Оьрсийчуьра йозалла ойъу спортхой.

XS
SM
MD
LG