ТIекхочийла долу линкаш

Ялх шарахь юкъаметтигаш хаьдда лаьттинчу Израило а, Туркойчоьно а дIакхайкхийна шайн барт а хиларх, уьйраш юха денъяларх. Оршотдийнахь Римехь хиллачу Израилан премьер-министро Нетаньяху Биньямина дIахьедира, шина пачхьалкхан бартхиларо йоллу Гергарчу Малхбалехь чIагIалла латтор ю аьлла. Оццу хенахь Анкарахь вистхуьлуш Туркойчоьнан премьер –министро Бинали Йылдырыма хаам бира Израилца шайн хиллачу бертах лаьцна.

Цхьана хенахь гергарлонашкахь леллачу пачхьалкхийн зIенаш хедира ялх шо хьалха Израилан тIеман-хIордан гIаролхоша «МавиМарвара» бурамтIехь Туркойчоьнан исс вахархо вийначул тIаьхьа. ХIетахь и бурам гIоьртинера Израило къевлина кхобучу Хьамас-тобан карарчу Газа-махка кхача. Оршотдийнахь хиллачу бертаца шина а агIоно юьззина юхаметтахIиттор ю дипломатийн юкъаметтигаш.

Ялх шо хьалха байинчу Туркойчоьнан бахархойн гергарчарна томана 20 миллион доллар ахча лур ду Израило, ткъа Туркойчоьно тIелаьцна цхьамогIа проекташ кхочушъян Газа асанехь. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин инарла секретара Ги Мун Пана хазахетарца тIеэцна Израилан, Туркойчоьнан бартхилар, «дегайовхо ло оцу берто йоллу регионехь чIагIалла лааттар хирг хиларан», аьлла инарла секретара.

XS
SM
MD
LG