ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бекхам боцуш дисина Iазап


Къизаллашна дуьхьалояран Дуьненаюкъара де аьлла кхайкхийнехь а, нах хьалха санна хьийзош бу низамхойн хьукматашках

«Низамо кхеташ дIабоху: "Ницкъ бан мегар дац цхьанна а агIор; я конфликтехь а, я къоман кхерамазаллана дуьхьал а. Къизалла лайначу нехан догъэцаран кху Дуьненаюкъарчу Дийнахь, вай и зулам лайначу бIеннаш эзарнашкахь нахаца а, церан доьзалшца а цхьанахилар дIахоуьйту».

ХIара дешнаш аьлла Цхьанакхеттачу Къаьмнийн цхьанатохараллан инарла секретара Бан Ги Муна. Кху 19 шарахь адамашна тIехь латточу Iазапца, дуьненахь хIума хийцаделла ца хилар а, я сел лаккхарчу тIегIанера цуьнах дийцарх а, и зуламаш жимлуш ца хилар билгалдоккху тергамхоша.

Нохчийчохь къизаллийца Iазап латтийна ницкъ бечу хенахь, бохург цхьаммо дуьйцуш хезна хIума дац. Дукхачу наха, шаьш лайна иза. Низамхойн каравахча, хIума ца Iуттуш, муьшка ца еш ара ца волуьйту.

Шайн куьйга кIел кхаьчначу, гIора доцучу нахана тIехь шайна луург лелош хиларна бIаьргаш къовлу царна тIехьожучу хьукматаша: прокуратуро а, кхелаша а.

Нохчийчохь, бIеннаш, эзарнаш гIуллакхаш ду, бехк боцу стаг дIалаьцча, низамхоша цунна йиттина а ца Iаш, ахкароша санна цеста гIерташ санна, тIехь Iазап хIоттийна. Суьйра-коьртара Садыков Iалавдин гIуллаккх уггаре а гIарадаьллачарех ду.

Оьрсийчура бахкийтинчу, хIетахь хиллачу милцоша лерг даьккхина цуьнан. Цара шайгахь латтийначу къизаллийн барам а бацара, аьлла цо дийцира Маршо Радиога.

Садыков: «Сан корта схьабаккха гIерташ бара уьш, юха лерг дIа а даьккхина, хьийзийра. Цхьа бежанна хьокху доккха урс дар-кх цуьнгахь. Иштта кегийрачу нехан пIелгаш дехира. Мансуран пIелг баьккхира цигахь, Альбертан а баьккхира пIелг, Корнукаев Iийсан а баьккхира. Цхьа цомгуш волу цхьа гIазкхи а, кхин верг а схьа а валийна, цаьрга цара баьхнарг а, царна тIехь динарг, хьоьга дIадийца а товш ца хета суна. И хIуманаш леладора-кх цара».

2000-чу шерашкахь Нохчийчохь нах арабовлура, шайна тIехь латточу Iазапна дуьхьал. Майра дийца а хIуьттара царах дуккха а лайначуьнах. ХIинца махкахь и тайпа зуламаш дац аьлла лоруш ду, ткъа, юккъараллехь-м ма-дарра сурт хууш ду, аьлла Маршо Радиога дийцира Соьлж-ГIалара вахархочо Абдулаев Хьамзата.

Абдулаев: «Дуьненаюккъера хIара де ООН-о дIакхайкхина а хилча, 20-21 бIешарахь, уггаре а Iазап лайна вай къам а хилча, массаьрга дIагайтича нийса хира ду аьлла хета суна, адамна тIехь ницкъ бар нийса доцийла. Аадамна тIехь ницкъ бар, кхетамо дIа ца лоцу. Вай цIахь и санна хIуманаш хьалха санна дукха ца хилахь а, наггахь хуьлу. Цхьанна а кхетам болчу Iедало иза тIеоьцур долуш хIума а дац».

ХIинца Нохчийчохь атта ца хIутту стаг, шайна тIехь иштта дIалаьцча, Iазап латтина ала. ДIа а ца яздойтуш дийца таро ю, хьоьх тешаш иза велахь. 5-6 шо хьалха, Соьлжа-ГIалара лулахь веха массийта жима стаг дIавигнера полисхоша, тIе а летта. ХIоранна ток йиттина, цхьаъ виссалц. Иза вицвелла хилла. ХIорш бехке ца хилар а къастийна, дIа арабовлуьйтучу хенахь, ток еттачу полисхочо, неIарехьа сихонца дагахь салаваташ а доьхкуш воьдучунга, тIаьхьа мохь а тоьхна хаьттина: -Хьан накъостех а эхь хетар дац хьуна, царна ток а йиттина, хьайна иза ца тоьхча?

-Дера дац-кх, - аьлла хIара неIаран тIоман тIе куьйг дохьуьйтучу хенахь, юхаверза, ток тохар хIун юду мукъна а хаа деза хьуна, аьлла, гIента тIе охьа а хаийна, шега серий дIа а лецийтина, ток туху аппарат хьовзийнера, воьлуш, ша дечух самукъадаьллачу полисхочо, бохуш буйнаш а къуьлуш дуьйцура оцу жимачу стага.

Цхьанакхеттачу къаьмнийн цхьанатохаралло къизалш лайначу нахана гIорторъяран Дуьненаюккъера Де дIакхайкхина 19 шо кхаьчна. Сел шуьйра лелачу низамашна, аьлча а, дехкаршна йоккха хан а яц иза.

ТIаккха а дуьйцу гIуллакх дуьненахь ира лаьтташ хилар тидаме эцча, цунна дуьхьала деш дерг тоам болуш ца хилар билгалдолу. Цунна тоьшалла ду, хIора дийнахь аьлча санна, схьахеза масалаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG