ТIекхочийла долу линкаш

ЭрдохIан лерина вац Оьрсийчоьнна компенсаци яла


Кремло бечу хаамца, Путин Владимир къамелдан лерина ву телефонехула Туркойчоьнан президентца ЭрдохIан Тайипца. Стохка туркоша Оьрсийчоьнан тIеман кема чудаийтичхьана схьа дуьххьара хила дезаш ду цушиннан къамел. «Оьрсийчоьнан инициативаца» юкъарло кхаарийдийнахь хир ду, ткъа машар шина махкана юкъахь денбала хан оьшу, аьлла Кремлан пресс-секретара Песковс.

Барт шина пачхьалкхан ийгIира туркоша, Шема доьдуш, шайн доза хадийна оьрсийн кема чу а доуьйтуш, цуьнан пилот кхелхича. Инцидент бахьанехь Оьрсийчоьно санкцеш кхайкхийра туркошна, цаьрца йохк-эцар лагIъеш. Песковс хаамбарехь, ЭрдохIана Кремл къинтIера йоккхуш кехат дахьийтина Путине а, иштта веллачу пилотан доьзале а.

Амма Хонкаро бакъ ца до ЭрдохIана пилот кхалхар Туркойчоьнан бехкенна лору бохург. Шинарийдийнахь премьер-министра Йылдырым Биналис дIахьедина, Хонкара дагахь а яц Оьрсийчоьнна кеманна дуьхьал компенсаци яла, пилот вийначунна дуьхьал кхел ю Туркочохь йоьдуш, аьлла.

XS
SM
MD
LG