ТIекхочийла долу линкаш

ЕГЭ олу цхьа экзамен дIаяларехь Iорадаьхна жамIаш хьокъехь бекъамаш бу бахархошлахь.

Пачхьалкхан цхьа экзамен дIаяларехь лара цабелларш 10% дешархой бу официалан гIардаккхарехь. Коьрта экзаменаш тидаме а эцна аьлча,масала «математика» йовзарехь кхачо йоллуш хаарш гайтинарг 72% дешархо бен вац,ткъа хаъал лакхара гайтам бу «оьрсийн мотт» Iаморехь-87%.

ХIора а 3-4 –гIа кхиазхочо «математика» шиъ даьккхина, аьлчи а бIенна юкъахь 28-ммо шиъ даьккхина оьрсийн маттаца лара цавелларг кхойтта бен вац. Экзаменаш дIалуш кхушара 12 эзар гергга дешархо хиллехь (11 713) дIа а ца ялаелла кIелбиснарш эзар 200 гергга кIентий а мехкарий а бу.

Дешаран, Iилманан министараллин маьхькIамхоша дийцарехь республикехь кхушара хаъал гIолехь дIаелла экзаменаш стохкачул а. Цара тоьшаллин далориш ду ишта терахьаш: кхушара «оьрсийн мотт» дIаелларг 87% ву ткъа стохка 75 бен вацара, хIинца «математика» къарйинарг 72 % ву,амма 2015 шарахь 55% бен вацара.

Ма-дарра аьлча, цхьа могIа хьехархоша шаьшша а, говзанчаша а шеконе дохкуш ду ЕГЭ экзамен дIаяларехь кхушара бIаьрла, даладелла гайтамаш бу бохург.

«Дешаран шо юккъе а дахале пенсе дIахьовса беза аьлла, бIеннашкахь хьехархой балхара бохийра. Церан меттана схьаэцнарш муьлш бу? Дера бу, ахь ярстийна бежана уьрсе йиллина дIаяьккхича, цуьнан метта, корта хилчахьана олий кхин бежана дIа муха тосу!?

Изза сурт ду ишколашкахь хаделларг а. Хьехархой бу бохуш «кортош» дIахIиттийна, церан хаарш, уьш мел зеделла, охIла бу бохург тергамза а дуьтуш.

ТIаккха берийн хаарш лакхара муха хуьлу?».

Ишта хеттаршка вийлинарг ву шен цIе йоккхийла ца лиъна Старопромысал кIоштера хьехархо.

ЕГЭ экзаменан жамIаш шеконца тIеоьцучех ю 30 шарахь хьехархо болх беш йолу Соьлжа гIалин кIоштера Медент. Дуккха а бераш довза а девзаш,хIинца а болх беш хиларе терра, цунна доккха хIетал-метал ду цхьаболчра экзаменаш кхиамца дIаелла аьлла кхайкхор.

Медент: «Экзаменийн жамIаш ас а шеконца тIеоьцу. Набарца бевлча богIуш, ца бевлча ца богIуш а , цхьа хIума ца деш, 11 класс чухула чекхбевллачара а дIаелла боху. Цаьрга уьш муха ялаелла со чIогIа цкецьяьлла ю-кх!»

Экзаменийн хьокъехь хIинцца къамел динчу Медента санна хьажам берш дукха бу. Делахь а, стохка шианнаш даьхнарш вуно дукха хиларна, кхера а белла, дай-наноша бала а кхаьчна, дешарн тIетеIийнарш кхушара алсам хиларна бу кхушарлера гайтам лакхара аьлла ойла йолчех ву Новр кIоштера Хьамзат.

Цунна хетарехь, хIумма а хууш боцу «кортош» дIа а хIиттош, иттаннашкахь балхахь бахчабелла хьехархой дIабахаран зов «гIардер» ду 12 шо даьлча. Хьамзат ву дуьйцуш.

Хьамзат: «Стохка шианнаш Iаламат дукха дара. Цундела жоьпалла лакхара а хилла, дай-наноша уьш дешарна тIетеIийний те аьлла ойла ю сан. Репетиторш лоьцуш, совнаха а хьехархошна тIелоьстуьйтуш. Шайна гIодар ледара хир дуй а хиъна. Ткъа хьехархой дIабахарх аьлча, уьш дIабахарх хуьлу зе дуй хIинца а гучудаьлла а дац. Иза тIаьхьо хир ду. Хьехархой дIабаха мегар ма дац. Уьш дIабахар аьлла болх-некъ боцурш лахлур бу? Бац дер-кх!»

Гайтамаш дика хиларан билггал бахьана хIара ду ала хIуьттуш а боцуш, говзанчаша биста кхаччлц, дукха бахархоша цакхетарца тIеэцна, Iедалан тIегIанахь стохкачул мелла а гIолехь ду боху ЕГЭ экзамен дIаяларан жамIаш.

XS
SM
MD
LG