ТIекхочийла долу линкаш

КъиилбаСеда Кавказан проблемаш даим а йийцаре еш ю политикаша, бакъоларъярхоша, тергамчаша. Кху деношкахь «Мемораилан» вовшахтохарца цхьа могIа бевза бакъоларъярхой кхеташоне гулбеллера Москох.

ТIаьхьарчу хенахь, дукхачу тергамхоша билгалдоккху, КъилбаСеда Кавказехь тийна хиларна. ГIехьчулла лахделла тIемантасадаларш а, теракташ а. Иштта лечу нехан а, низамхойн а терахь а дикка иэшна.

И терахьаш, Iедалша регионехь еккъа дIахьочу политикца доьзна ду ала мегар дара, цуьнан бухехь кхин цхьа хIума дацахьара.

Дуккха а тIемалой-динан радикалаш шай мехкашкара дIаихна Гергарчу Малхбалерачу тIамехь дакъалаца. Официала хьосташа дийцарехь, мел лаххара а 5 эзар вахархо ву Оьрсийчура цига дIавахана.

Ша верриг аьлча санна-уьш КъилбаСеда Кавказера бу. ХIинца цигара а кхерамаш туьйсуш, дIахьедарш а до цара наггахь.

И баланийн уьйриг муха басталур бу, муха, хIун гIулчаш яха еза аьлла, и гIуллакх дийцаре дан гулбеллера кху тIаьххьарчу шина дийнахь Москох бакъонашларъярхой а, журналисташ а, политикаш а.

Цигахь дакъалаьцначу гIалгIайн бакъонашларъярхочо Муцолгов Мохьмада, иштта дийцира Маршо Радиога, шаьш дIадаьхьанчу оцу цхьанакхетарах.

Муцолгов: «И горгачу стоьлехь оха дийцинарг дара редикализмана дуьхьало муха ян еза, хIун хьехамаш бийр бара оха, Iедалшна а, нахана а. Цига баьхкина бевзаш болу эксперташ а, журналисташ а, политикаш а бара. Дуккха а хIуманаш дийцина оха цигахь. Кхин дIа а, цхьацца дагадовларшкахь и дийца а дуьйцуш, цуьнах цхьа жамI хир ду».

ДАIИшан могIаршка беккъа божарий бахана Iаш бац. Жигара боьлхуш бу цига зударий а, зудабераш а. Уьш дукха болуш, цигара бухара нохчийн тIемалочо, дехар а динера церан гергарчаьрга, и зудабераш совцадахьара аьлла.

Москох дIадаьхьанчу оцу цхьанакхетарехь билгалдехира бахьанаш а и кегий нах а, зудабераш а, зударий а, шай берашца оцу тIаме оьхуш хилар. Царах дуьйцу Муцолгов Мохьмада.

Муцольгов: «Мел болу баланаш бара буьйцуш, оцу радикалан ойланех хьакхалуш болу. Вай мел болу дешна нах а, церан агIонаш къеста а ца еш, хаамийн гIирсашка кхачийта беза. Уггаре а боккха бала бу-нийсо ца хилар».

Болу баланаш, официала телехьожийлашкахь санна, лечкъа а ца деш, уьш, цхьана а кхетта, дийцаре дича, дика хета дукхачу политикан эксперташна.

«Мемориалан» Несар-гIаларчу декъан куьйгалхочунна Акиев Тимурна хетарехь, оцу цхьанакхетаро и сингаттам дIа ца баккха а мега, амма дийцаредар - ах толам бу цу некъа тIехь.

Акиев: «И гулам - могIарера гулам бацара. Иза оьшуш цхьанакхетар ду КъилбаСеда Кавказерачу мехкашна. Кхузара хIинца а дIаоьхуш ма бу тIом бац цига. Iехалой а оьху уьш. Кхин цхьа гIайгIа а ю цуьнца боьзна. Дохко а бевла, цIаберза йиш яц церан.

Юхаберза некъ къевлина бу царна. Оцу хIумано холчохь латтабо церан доьзалш. Цхьа некъаш лаха деза, уьш цига ца эхийта. Радикалан ойланаш лахъян еза. Уьш иштта хилар, дукхачу декъана бехк официала Iедалан бу. Оцу форумо мел болу баланаш дIабохур бац, амма мел а аттачу даккха мега цуьнца доьзна хьал».

Горгарчу стоьло бинчу балхана жамIаш доьрзур ду, Iедалшка бечу кхайкхамца. Гергарчу деношкахь, оцу цхьанакхетаран резолюци зорбане йоккхур йолуш ю.

XS
SM
MD
LG