ТIекхочийла долу линкаш

Шинарийбуса Истамбулерчу дуьненаюкъарчу аэропортехь динчу лелхийтаршкахь вийна кху сохьтан хаамашца 36 стаг, лазийна 147. Хаам баржийна Туркойчоьнан премьер-министро Бинали Йылдырыма. Биналис бахарехь, карахь тоьшаллаш дацахь а, шеконаш ю динчу талорашна бехке «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанан декъашхой хиларан.

Шинарийн буса Истмбулерчу Ататюрк аэропортехь кхоъ эккхийтар дира кхаа Iожалхочо. ТIелатар динчу цхьана зуламхочо адамашна тIе герз кхийса долийча, полицино дуьхьало йина, чов йинера цхьана терорхочунна. Цул тIаьхьа бомба эккхитина лазийначо шен карахь. Байинчарлахь бу кхечу пачхьалкхийн бахархой а. Оьрсийчоьнан консулаллас хаам барехь, лазийначаьрца ву оьрсий Лубнин Александр. Туркойчоьнан Iедало чIагIдо динарг теракт хилар.

Пачхьалкхан урхаллийн боллу ницкъаш терроризмана дуьхьал бахар кхайкхадо туркойн президента ЭрдохIан Реджепа. Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа емалдо «ямарт террорхойн тIелатар». Евроберто шаьш гIо лоцийла дIахаийтина Туркойчоьне.

XS
SM
MD
LG