ТIекхочийла долу линкаш

Дахначу шарахь Туркойчоьно Шемин дозанехь Оьрсийчоьнан тIеман кема чудаийтинчул тIаьхьа дуьххьара телефонехь зIе хилира шина пачхьалкхан куьйгалхойн Путин Владимиран а, ЭрдохIан Тайипан а. Кремло а, Туркойчоьнан куьйгалло а дийцарехь, шина агIонан барт хилла юкъаметтигаш денъян а, дуьхь-дуьхьал хиина хиндолчух къамелаш дан а.

Иштта Iалашо лаьцна терроризм цхьана иэшорехь некъаш лехан а. ЭрдохIана деношкахь Путине шаьшиннан уьйраш талхарна ша дохковаьллий хоуьйтуш кехатца хаам бинчул тIаьхьа тасаделла шина куьйгалхочун къамел.

Туркойчоьнна тоьхна йохка-эцаран санкцеш юха а йохуш, оьрсийн бахархой садаIа бахарехь дехкар а хоьцуш, дийцарш доладар ша пачхьалкхан урхаллашна тIедиллина хIинцале а аьлла Путин Владимира.

XS
SM
MD
LG