ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Усманов Идрис - Нохчийчоьнан керла "куьйгалхо" ?


Нохчийчуьрчу совдегарийн бакъонаш ларъен векал, Кхиаман партин декъашхо Усманов Идрис мехкан куьйгалхочун харжамашкахь дакъалаца лерина ву. И хаам баржийна РБК-н агенталло оцу партин куьйгалхочо Титов Бориса аьллачунна тIе а тевжаш.

Республикерчу оцу партин дIакъастаро даредарехь, регионехь дIаяьхьначу партин конференцино кхаарийдийнахь хьалхатеттина Усманов Идрисан кандидатура. Махкарчу хьосташа дийцарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацино тоьшалла дарца, Кадыров Рамзанна хууш ду Усмановн лаамех, цо иза декъалвина, аьтто хьоьхуш.

Ткъа ша Усманов Идриса дуьхьало йо цхьанне а кепара комментарий яла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG