ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Нодуляран дерматит" кхетта махкарчу даьхнех


Говзанчаша хааме даьккхина ма-хиллара «нодулярный дерматит» олу цамгар, цIоканан буьччалгаш (кожная бугорчатка) ала а тарло цунах, даьхнийн цамгар ю. Иза дуьххьара хааелла хIинцачул цхьа бIе шо хьалха Африкехь.

Къаьсттина и цамгар яьржина ю боху Къилба а, Малхбале а Африкехь а, Инди пачхьалкхехь а.

Бакъду, Iилманчаша чIагIдарца нохчашлахь и тIаьрсиган буьччалгаш олу цамгар кхеттачу даьхнех леш долу бежний 10% бен ца хуьлу. Уьш далар хьокъехь процент къастам боллуш алалур дац, цхьабакъду карарчу хенахь кIезиг масалш дац Теркаца Iохкучу ярташкахь цу цамгарх делла хьелий билгалйинчцу меттигашка дIа а текхош дагийна.

Лоьраша дийцарехь, бежний далар бахьна ду долахаошна шайн бежний цомгаш ду я дац цахаар а, хиънарш кхоьбанийн цамгар ю бохуш IадIар а. Бежнийн лоьраша дуьйцу: «Гурахь, полларчаша зирх тосу даьхний баккъаш тIехь, цу зирхах цхьаберг цIоканах а булий, кхуьу.

БIаьстенга гIоьртича, и зирх боккха мел хуьлу а бежнийн баккъаш тIехь буьччалгаш хIуьтту. Ма-дарра аьлча, горнех тера мозий кхуьу, шен хенна дарба ца леладахь тIома а довлий гIовтту. Царех олуш ду и кхоьбанаш».

И цамгар ю бохуш,паргIат Iийна цхьаболу долахой боху лоьраша. Цу кепара, хIун-мила ду ца хууш, партал Iийна, етт баланза баьллачех цхьаъ ву Новр кIоштера вахархо Iумар.

Цо а олу цунах буьччалгийн цамгар, Ишта цо даре до цхьаболчу юьртахойн хьелий даларх.Iумар ву хеттаршгна жоьпаш лург.

Iумар: «Буьччалгаш хIиттинера букъ тIе .ХIинца-м дика бу тхан етт. Цомгаш бежний кхин а ду юьртахь. Делларш а ду. Дарба лелошшехь бели лулахочун етт. ТIаьхьа бен ца хиъна царна иза цомгуш буй. Онда, дерстина бежний атта ца ле боху, гIийланиг, къенаниг бу леш берг, уггар хьалха. Тхайчунна ялхазза мехий тоьхна. Шура цкъачунна яа магош яц. Оза-м узу етт шура дIаIанайо-кх. Кхин а цхьана итт дийнахь ара ма баккха аьлла лоьро».

Нохчийчохь зеделла бакъдерг ду, дуьйцург мел кIезиг, кIадбоццу хIума делахь а, Iедалан балхахь вергга-м муххале а лаъане а лууш ца хуьлу шен цIе йоккхийла. Иштачех цхьаъ ву Теркаца Iуьллучу цхьана юьртара бежнийн лор Сала.

Цо ша дийцарца, «ишта стенна аьлла ахь, вуьшта стенна ца аьлла ахь» бохуш, хьаькамашка барт хаттам беш, иза чеха ца вайта, ца ялайо ас цуьнан юьззина цIе. Цу «надулярный» олучу цамгарх а, лоьраша шайн ницкъ кхочучу барамехь бахархошна гIо дарх а соьга дийцира Салас.

Сала: «И лазар мичара, муха кхаьчна хууш дац. Стохка дуьххьала Шелковск, тIаккха Новр кIошташкахь хааеллера и цамгар. Цу хенахь дерриге а дацара лазаро лаьцнарг иттех бежана бен. Кхушара мелла а шуьйра яьржина и цамгар. Тхайн ницкъ кхочучу барамехь дарбанаш лело-м гIерта тхо. Цамгар генаяьлчарна хала ду гIо дан. Царех нисса ах бохург санна ле. Кхоьбанаш ю бохуш Iийна цхьаберш. ХIинцца хIинца кхетта нах ма-дарра долчу хьолах. Лоьраша гIо ца до, хьалха санна мехий ца детта бохургга-м бакъ дацара.

Хьалха ярташ кегий йолчу хена, бIаьстенан юьххьехь бежний цхьа меттиг билгал а йой, мехий тоха а, цIий а эца дIадаладойтура, хIинца оха изза болх цIа а оьхуш бо. И «нодулярный дерматит» цамгар яржориг, Iилманчаша дийцарехь, чуьркаш, мозий хила а тарло, мох-хIавааца дIасаяржа а тарло…»

ДIоггара кхин луьра, уьне цамгар ларалуш яцахь а кIезиг масалш дац, цIарца багарбан йиш а йолуш, гIийла, миска бохкучеран белла етт, къеделлачу даьхнийн кешнаш олучу метте дIатекхийна.

Бакъду, цкъачунна, узуш етт ца хилча,хене бовла амал доцчарна,дан хьакъдолчара гIо дина масалш доцу хьесап ду,ша хьал- таро йолчу,къинхетамечу вахархочо ца дахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG