ТIекхочийла долу линкаш

Туркойчоьнан Iедало даредарца шинарийн буса Истамбулерчу Ататюрк аэропортехь лелхийтарш диначарна юкъахь Оьрсийчуьра а, Узбекистанера а, Кыргызстанера а бахархой хилла. И хаам баржийна туркойн полицино тIелатар динчу террорхойх 13 стаг шаьш йийсаре лаьцнийла хаийтинчул тIаьхьа. Адамех йьттинчу аэропортехь динчу зуламна Туркойчоьнан Iедало Шемахь тIемаш бен «Исламан пачхьалкх» шайх олу тоба бехкейина.

«Ени Шафак» пачхьалкхан газетано дуьйцу, талораш динчу террорхойх цхьаъ Дагестанера ву, бохуш. Кыргыстанан кхерамзаллин урхалло цхьане а кепара тIе ца туьду тIелеттачарлахь шайн вахархо хилар. Меттигерчу Хурриет газетано хаамаш бо аэропортехь эккхийтар дина цхьа Iожалхо Нохчийчуьра схьаваьлла бохуш.

Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс террорхошлахь Оьрсийчоьнан бахархой хилла хиларах шегахь хаамаш бац аьлла, дIахьедина. ТIаххьарчу айкхаллица лелхийтаршкахь вийна 42 стаг, 240 гергга стагна чевнаш йина.Динчу терактах жоьпалла цхьаммо а шена тIе ца лаьцна, ткъа Анкара тешна ю «ДАIИШ» тоба-н бехк хиларх.

XS
SM
MD
LG