ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанехь бIаьхой байина


ОвхIанистанан коьртачу шахьарна Кабулна герггахь некъаца керла бIаьхой эцна йоьдучу автобусна уллехь ши Iожалхо иккхина. Пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло тоьшаллаш далорца, вийна 30 керла бIаьхо, 58 лазийна висина.

Вардак кIоштахь Iамораш дIадаьхьна, бIаьхой Кабуле юхабог1учу хенахь дина и зулам. Теракт емалдеш ОвхIанистанан президента ГIани Ашрафа: «Цкъа а ца гайттинчу кепара шен къизалла а, шогалла гайти Талибан олучу боламан декъашхоша», аьлла. Талораш динчу меттехь нибеллачу Маршо Радион ОвхIанистанан сервисан журналисташа дийцарехь, байинарш кхин а алсам хила тарло, хIунда аьлча, транспортан гIирсаша дIакхоьхьучу бIаьхойн терахь 200 гергга дара.

Меттигерчу тIалибаша дина зулам шайна тIелоцуш хаамаш бина хьосташка. Кабулерчу Канадан векалаллехь болх бечу хадархойх 14 стаг а вуьйш тIелатар дира тIалибаша 10 де хьалха а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG