ТIекхочийла долу линкаш

Хуьлийла вайх хIора а махкана генахь, я уллохь шен мехкан да хиларх, цуьнан жил-Iалам лардарехь декхаре ву массо а.

ДагадогIу, бераллехь чохь баккхийчара хьехарш дина а ца Iаш, ишколехь хьехархоша а хьоьхура: лаьтта кехаташ кхийса мегар дац, диттийн генаш кегдан мегар дац, хьозарчий дайъа мегар дац бохуш, иштта кхин а дуккха а жил-Iалам дохон а, бехдан а мегаш цахиларх лаьцна дийцина.

Ткъа хьалха, советан Iедало Нохчийчохь шайн ишколаш яржаяле, гIиллакх-оьздангалла олучу кхетамна юккъедогIуш хилла и дерриге а. Ца мегачарах дара кетIа нехаш кхийсар а, цундела цIена хуьлура юьртан урамаш, хIораммо а шен-шен кетIе лар а еш.

Амма хIора шовзткъеитт шо даьлча ша даима ма-бāрра, хууш ма хиллара, юха а бохам беара нохчийн халкъе - тIом. Цунах зулам адамашна даьлла а ца Iаш, жил-Iаламна а делира: ораматашна а, дийнаташна, маьIданашна а, хишна а.

Амма даима а шайн дайша санна хIусамаш юхаметтахIиттон а дийзира неха, дахар шен роже дерзон а дийзира.

ДIаволург дIаваьлча тIаьхьависинарг ваха вуьсу, бохам беъча цкъā а ша велалур вац моттарх, вела а луш, цкъā а шен жил-Iаламах самукъадер дац моттарх, дуьнене бIаьрг тоха ара а волуш: дай баьхначу лома, я хийисте доьзалца садаIа, я накъосташца чIерий леца.

Амма даима а ца хуьлу нахана шаьш доьлхуче дIакхаьчча гуш долу сурт самукъне. Хийисте кхийсинчу нехаша кхоладо самукъа, масала, дуккха а хIуманийн ойла а йойту... Вай зIене девлира Iаламца йолу юкъаметтиг безаме-лерина лелочу вайн махкахойх цхьанца, Ахьмадца. Иштта дийцира цо:

Ахьмад: "Хьо хийисте а вахна дIахIоьттича, вайн оццул хаза йолу меттигаш боьха карайо хьуна. Охьакхиссина шишанаш хуьлу, кехаташ хуьлу, тIаккха дог духу иштта хIума гича. ХIораммо а шена тIаьхьа дIа хIунда ца йоху техьа нехаш, олий хета. ХIораммо а шена тIаьхьа дIайохуш елхьара цIена хир яра вайн меттигаш, юькIам болуш а хир яра.

Вайх хIораммо хьехар дахьара шен чуьра араволучу доьзалхочунна, мегаш дерг а, доцург а дIаалахьара, тIаккха цара шаьш цхьа хIума дале ойла йийр яра, мегаш ду те, дац те, аьлла."

Мохк шайн боцуш санна шаьш чекхбевллачохь нех юьтуш, цхьаберш жоьпалле ца хилар халахеташ дуьйцу вайн кхин цхьана махкахочо Нижалара

Расула: "Мохк-м Дала хазаниг беллера вайна, хIара мохк цIена латтон вайна оьздангалла тоахьара. ЧIогIа новкъадогIу тахана курачу машена тIе а хиъна, жимачу стага ша хи мелла ваьлча банка корах аракхоьссича а, сигаьрка оьзна ваьлча бот аракхоьссича а, хIара мохк шен боцуш санна..."

Муьлххачу хьолехь а, ша мел махках ваьлла велахь а, мел хIуманах чам байна, дикане сатуьйсуш Iаш велахь а стагана хаа дезарг ду - адамаш а дIадовлу, Iедалаш а хийцало, амма Даймохк буьсу...

Шаьш шайн мехкан дай хилар охьатаса бахна бац тахана дуьне мел ду дIабахна вайн махкахой. Я шайн мохк махкара боцучарна дIабала дагахь бахна а бац. Уьш шайн син-дегIан гIора дикка метта а хIоттийна цIабоьрзур болуш а бу дIабахначул алсам а бевлла.

Шарахь цкъа, я масех шарахь цкъа цIабогIу уьш шайн бевза-безачех а, Дахмехкан лаьттах а марзо эца, шайн беллачеран кошан барза тIехIитта. ТIулгийн петарш шаьш лелачухула дукха гина, царах бан тамаша боцучу царна, цIабирзича, дукха хьолахь, шайн дай баьхначу лома, я юьрта кхача лаьа, я шайн бералла, жималла карлайоккху меттигаш ган лаьа, хьалхалерачу аматехь уьш елахь, цу дерригенан суьрташ а, марзо а хийрачу махка шаьш дIадахча шайн сица лелон.

Халкъалахь туьйра чекхдоккхуш олуш долчу "ГIалдий-булдий царна, кай-бож вайна" дешнашна юккъера "кай-бож" хьанна кхаьчнехь а, тахана "гIалдий-булдий" шена кхаьчначу къомах лозучу дегнаш чохь хIун жIамарш ю ца дийцича а хууш ду...

Амма мел кхоьлина долчу а суьрта тIехь ган лууш ерш цIарна ирахъяхна петарш яц, ган луург къоман оьздангалло цIена латтабо Даймохк бу.

XS
SM
MD
LG