ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Истамбулехь тIелатарш диначийн ДНК талламаш дIахьо


Шинарийн буса Истамбулерчу Ататюрк аэропортехь динчу талорашна Туркойчоьнан хьосташа шайн ГIиргIазойчоьнан вахархо бехкевар бакъдан хIинца а хьалхе ду, ДНК-н экспертизан жамIаш официалехь Iорадаьхна а доцуш, аьлла дIахьедина цигарчу Iедало. ГIиргIазочоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хаамбо, Истамбулехь динчу терактехь гIиргIазо хилла бохуш зорбанаша Iорадаккхарца доьзна пIераскана дийнахь шайн дипломаташ туркойн терроризмаца къийсам латточу хьукматийн векалшца цхьаьнакхетарх. Туркойн терроризмаца къийсам латточу урхаллин векалша цхьабоса аьлла, хаамийн гIирсашкахь ГIиргIазойчоьнан вахархо лелхийтарш диначарлахь ву бохуш чIагIдарца яржийна информаци «хеназа ю, ДНК-н а, кхечу кепарчу а медицинан талламаш бина а бовлале».

Маршо Радион ГIиргIазойчоьнан сервисе Истамбулерчу консулаллин векало хаам барехь, экспертизийн жамIаш цхьана кIирнах кийча хила тарло. Иштта туркойн зорбанан гIирсаша, цIе ца йовзийтинчу Iедална гергарчу стага бинчу хаамашна тIе а тевжаш дуьйцу, «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанца боьзна хилла ГIиргIазойчуьра а, Узбекистанера а, Укринера а бахархой бу Истамбулерчу аэропортна тIелатар динарш.

Туркойчоьнан Iедало дIакхайкхийна шаьш шконашца 13 стаг лацарх, царлахь 3 кхечу пачхьалкхийн бахархой хиларх а. Цхьана а тобано шена тIе ца лаьцна и хилла теракт. Амма Туркойчоь шек ю ДАIИШ тобанах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG