ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лавров а, Чавушоглу а цхьаьнакхетта Сочехь


Кремлан а, Туркойчоьнан а шелъелла юкъаметтигаш денъярхьама шина а агIоно гIулчаш йохучу муьрехь Оьрсийчоьнан чорьхьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей цхьаьнакхетта пIераскана дийнахь Туркойчуьрчу шен коллегица Чавушоглу Мевлютца. Iаьржа хIордан йистерчу Сочин курортехь дIадаьхьна цаьршимма дийцарш.

Чавушоглус дIахьедина, шина пачхьалкхо цхьаьне болх бан беза Шемара кризисан хьал къепедалорехь. РИА агенталло даладо туркойн министро аьлла дешнаш: «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанца луьра къийсам латтош ю Анкара, цундела террорхошна Туркойчоь гIакх хета».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG