ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДоттагIчунна ямартваьлла зуламхо


ТIехьа-Мартанарчу 41 шо долчу, цкъачунна цIе къайла яьхьначу, вахархочунна дуьхаьл айдина бехктакхаме гIуллакх талламан комитето Соьлж-ГIаларчу кхеле хьажийна. Шена уллера дотттагI цIера ваьллийла а хиина, къайлах цуьнан хIусамчу а ваьлла, ши миллионн гергга соьманна хIума лачкъийна хиларца бехкево иза Iедало.

Цул совнаха, шен ларш дIахьулъярхьама, хIусамех цIе тесна хилла оцу бехкевечо. ЦIетесна динчу зенан мах 900 эзар сом лерина талламчаша. Бехк тIечIагIбахь набахтехь яккха 6 шаре кхаччалц хан хьоьху кхело лаьцначунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG