ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна экономикехула гIоьнча лохуш ю ерриг Оьрсийчоь шен Россия-I телеканалехула.

Масех бутт бу «Россия-1» олучу телехьожийлехь оцу реалити-шоу-н кечам бо. 2 де хьалха, дуьххьара эфир гайтина. Иза а ю сарахь, уггаре а нах хьоьжучу прайм-тайм олучу хенахь дийнна сахьтехь гойтуш.

Нохчийчоьнах а, цуьнан коьртехь волчу Кадыров Рамзанах а, цо лоьхучу гIоьнчийн хила еза говзаллех а, иштта кхийолчу агIонех а.

Леррина сайт а ю кхоьллина. Муьлхачу вахархочунна, зуда елахь а, стаг велахь а, аьтто бу боху оцу дарже хIотта. Цуьнга куьйгалла дан дIалур ю стратегица мохк кхиоран агенталла.

И дарж таханалерачу дийнахь деса лаьтташ ду. Къаставале, реалити-шоухь дакъалоцучу хIоранна шортта Iалашонаш хир ю хьалхахь.

Уьш муха хир ю кхоччуш къадош дац, амма, цхьаъ гучуяьккхира и программа дIахьочу оьрсийн журналиста Корчевников Бориса.

Шена экономикан кхиорехь болх бан лууш далахь, оцу къийсаман декъашхочо шен спортан гIора гайта деза. Иза чекхавала веза дуьхьалонан асах.

Иза шоу хиларх кхета тергамхой. Нохчийчоьнан куьйгалхо эфире а ваьккхина, рейтингаш яха гIерташ хиила а там бу оцу каналехь.

Амма дуккхаъчу нахана, цунна тIаьхьа ойла ейта шортта хIума го. Дуьххьара, Нохчийчохь, экономика кхио ницкъ болу стаг лахалур ву, я вац олийла дац, амма иза хаьржича а, цунна дуккха а болх бу бан безаш, аьлла Маршо Радиога дийцира, юккъаралхочо Бено Шамала.

Иза ша а лаьттина цхьана хенахь, Iедалан даржашкахь. Цундела, мехалла хила там бу цо бохург. Дуьххьара цо тергойо, я махкахь а, я пачхьалкхехь экономика кхио болх бан хуур долуш дукха нах ца хиларна.

Бено: «Политикан болх дIабахьа тоба хила еза. Иштта нах кIезга бу аьлла хета суна. Москох цхьаъ бу, кхузахь-цIахь-кхин бу. Сибрех-кхин бу. Кавказерачу нехан дог-ойла йовза еза. И болх бан безарш уьш ма бай. Церан меттана цхьаммо а бийр бац иза».

Тахана Оьрсийчохь лела цхьадолчу низамашна реза вац юккъаралхо Бено Шамал. Кхидолчу, массарна девзачу кIоргерчу бахьанашца, цара а сецайо экономика кхиор. Масала, цхьатерра кхочу низамаш онда латтанаш тIех кIезга бехачу а, дуккха а бехачу а меттигашна. Иза, бухарана дуьйна нийса дац, аьлла дийцира цо.

Бено: «Iилман агIора аьлча, Кавказера нах авторитий йолуш, шайн кхане шаьш лохуш бу. Монетизаци юккъеяхча а, ерриге а Оьрсийчоь, иза дIаяьккха бохуш араьлча а, Кавказехь берш ца бевлира. Кхузахь, хьо чохь вехаш волу цIа чу ладарш оьхуш хилча а, цхьанге а ца хьоьжуш, айхьа иза тадо вай. Иза тергоне а оьцуш хIума дан деза. Иштта, цхьатерра регионашкахь латтанийн низамаш а хийца деза».

Даима дIакхайкхош делахь а, Нохчийчохь а, Оьрсийчоьнан могIарерачу регионашкахь санна гIалаташ дуьйлуьйту, Бено Шамална хетарехь. Совдегархойн лаг лаьцначура мал деш дац. Юккъерачу барамера, цара бюджетан доккха дакъа хIоттош доллушехь. Оцу нахана новкъарло а ца еш, ма хуьллу уьш Iама а беш, царна гIортор йича, Iедалан кочара уьш буьссура бара, аьлла хета Бено Шамална.

Бено: «ХIун дан деза вай цIахь? Лаахь-хала а хета, ца лаахь хала а ма хета. Нах паргIат бита беза. Цаьрга болх байта беза. Бизнес лело уьш оьшучохь Iама беш, Iедалша, шаьш юккъараллийн къепе а лердеш хIума дан деза. ТIаккха уьш тIаьхьа бевр бац пенсешна а, пособешна а. Ишттий бен, экономикан кхиамаш бахалур а бац».

Нохчийчоьнан экономика кхиорах жоьпалла верг телехьожийллехь йоьдучу реалити-шоухь къастор ву боьдучу Товбецан -беттан тIаьххьарчу деношкахь.

XS
SM
MD
LG