ТIекхочийла долу линкаш

Къайлахчу сервисийн агент лору Чатаев Ахьмад


Гуьржийчоьнан къоман кхерамзаллин парламентан комитетан куьйгалхочо Сесиашвили Ираклийс дIахьедо, Истамбулехь динчу талорашна бехкевен Чатаев Ахьмад Саакашвили Михаил куьйгаллехь волчу заманчохь гуьржийн къайлахчу сервисан агент вара, аьлла. Карладоккху, Мангал-беттан 28-чохь Истамбулерчу Ататюрк аэропортехь Iожалхоша динчу лелхийтаршкахь 40 сов стаг вийна, 200 сов лазийнарш а бу.

Хетарехь, и терактна тIехьа лаьттарг Чатаев Ахьмад ву бохуш, яздо хьосташа. Интерфакс агенталле иштта аьлла Сесиашвили Ираклийс: «Саакашвили Михаил Гуьржичоьнан президент волчу хенахь къайлахчу сервисийн агент вара Чатаев. Муьлххачу а пачхьалкхе маьршша дIаваха, каде тIедахкарш кхочушдайтархьама, иза Гуьржичоьйна вахархо ву аьлла паспорт а дара Чатаевна делла. Цо бечу балхах алапа а лора цунна».

Оцу юккъехула Украинан Одесса кIоштан губернаторан даржерчу Саакашвили Михаила Фейсбукерчу шен агIонтIехь дагадоуьйту, Чатаев Ахьмад масех баттахь Гуьржийчохь ша урхалла дечу муьрехь лаьцна хилар. 2012-чу шарахь Иванишвили Бидзин коьртехь а волуш керла хIоьттинчу Iедало маьрша ваьккхира иза политикан тутмакх хиларца бохуш яздо Саакашвили Михаила.

XS
SM
MD
LG