ТIекхочийла долу линкаш

Гезгамашин-баттахь дIахьонболчу мехкан куьйгалхочун харжамашкахь дакъалаца лаам бовзийтина кхин а шина кандидато. Харжамийн комитетан куьйгалхочо Байханов Iумара бина и хаам. Цхьаъ хьалхо билгалваьлла Нохчийчуьрчу совдегарийн бакъонаш ларъен векалтан куьйгалхо Усманов Идрис ву, ткъа шолгIаниг регионерчу «Нийсонан Оьрсийчоь» партин куьйгалхо Денильханов Султан ву.

Шоьтан суьйранна мехкан куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдечу Кадыров Рамзана а дIахаийтина харжамашкахь дакъа лаца ша а лерина хиларх. Нохчийчоьнан куьйгалхо хоржур ву Гезгамашин-беттан 18-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG