ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДАIИШ-хо хила тIедоьжна Абдурахманов Тумсона


Жимчу стеган дахар галдаьккхинарг, олуш беламе делахь а, цуьнан маж ю. Дахначу Iаьнан цхьана дийнахь иза, Электросвязь компанин куьйгалхочун гIовс, машенахь воьдуш, цунах бIаьрг кхеттачу Кадыров Ислама, мехкан куьйгалхочун администрацин буьйранчо, саццорх доладелира можаца дерг деста.

Стенна ю, хиттира цуьнга Кадыровс, хьан маж, мекх а доцуш, цхьалха. Шен лаам бу иза аьлча а ца кхачийра къамел. ХIан-хIа, хьо вахабист ву, аьлла, шен хIусаме а вигина, вехха хьийзийра цо Тумсо.

Шозза а кхайкхина, администрацерчу Iеламчийн, полицин дайн боккха го а гулбина, гезвехира, вуьйр ву, воккхур ву бохуш.

КхозлагIа ша Кадыров Исламна тIеваха веза хIара ведира Нохчийчуьра. Шеца дIабигира доьзал - зуда а, бераш а, нана а, ваша а.

Амма вадарх ца велира Абдурахманов Тумсо Кадыров Исламан а, цо тIаьхьахецначу а низамхойн къизаллина кIелхьара. Кегийра цо а, нанас а дIатесна гIалара петарш, шайна тIекхуьйлуш, аьхкира махкахь бисина гергарнаш.

Кадыров Ислама ватсапехула тIаьхьа хабар хийцира Абдурахмановна. Реза вацара иза шен карах хIаллак ца хила махкахо кхечу пачхьалкхе ведда дIавахарна. Цхьа баккъал а ишта хила а дезаш, ша харцонах жоп а доьхуш санна дира цо къамел. Тумсос магадо Маршо Радиона иза Iорадаккха.

Кадыров: "Ахь къонахчун къамел дича, хьан дош дош ду моьттуш, боршачу стага делла дош лардеш хуьлу моьттуш, хьо дIавахийтича, ма чIогIа ямартло йи ахь. ... Ямартло дIа ца йоькъуш ца Iа Дела. Дуьне хьйзаш ду, вайша цхьаьнакхетар ву мацца а кхетта а. ТIаккха хьоьга дан къамел хир ду сан. ...Хьо къонах воцийла хиинехь, со тешар вацара. Ахь динарг осал хIума ду, зIене а валий, къонах санна чекхвала..."

Дахначу Iай дуьйна махкахваьллачу Абдурахманов тумсона, иза ДАIИшехь тIамехь ву аьлла, лаха а кхайкхош, бехктакхаман гIуллакх айдина Оьрсийчоьно КадыровгIеран лаамца. Тахана хIун ду хийцаделла, массех Оьрсийчоьнан а, дуьненаюкъарчу а телевизионашкахула, кхечу хаамийн гIирсашкахула довзийтина ахь хьайгара хьал, цо цхьа а хийцам а беаний, хаьттира Маршо Радионо телефонехула Абдурахманов Тумсога. Амма Оьрсийчоьнан Iедал, цуьнца хьалха а санна, гома ду, кхерам тIебазделлачохь бисина.

Абдурахманов: "Кхин керла хIума а дац. Уьш сан деваша волчу а бахана, цуьнца хеттарш а дина, цо делла жоьпаш дIа а яздина, уьш бехктакхаман гIуллакхна юкъадехкинчух тера ду. Иштта лейина сан дейишин йоI а....Д1а кхаьчна-кхаьчначохь къамелаш а до бах, шайна хIара нийса доцийла а хаьа , амма болх ца бича ца довлу шаьш, олий. Иштта хьал ду, кхин хийца делла хIума дац".

Къайле яц цхьанна а – КадыровгIарана-м муххале а - стенгахь къайлаваьлла веха тахана Абдурахманов Тумсо. Цо ша а ца йо цунах къайле. Иза Гуржийчохь сецна, цигарчу Iедале шена а, шеца бевдда баьхкинчу гергарчарна а тъовкIело а ехна.

Цхьана ханна елла гуьржаша тховкIело. Талла долийна АбдурахмановгIаьргара хьал а. Амма кхин генадаьккхина ша царна тIехь кхозучу кхерамах кхетийла-м ца гайтина.

Гуш ма-хиллара, вац я Тумсо Шемахь а, я цкъа а цигахь хилла а, хила лиина а. Ткъа айдинччохь дуьсуш ду цунна иза цига вахана аьлла, Оьрсийчоьнан Талламан комитете Кадыров Ислама айдайтина дов, лохуш ву лаца.

Кхераме ду цунна ша волу меттиг йийца а, амма цо иза ца лечкъайо. Нохчийчохь хьакамаш богIуш-боьлхуш а лаьтта, ткъа ша IадIахь, дуьненна а дуьхьал зуламна араваьлларг вуьсу, шена тIера боцу бехк дIабаккхалц нийсо лоьхур ю ша боху Абдурахманов Тумсос.

XS
SM
MD
LG