ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан тIеман кеманаш хир дац Туркойчохь


Чавушоглу Мевлют, Сурт даьккхина Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Тбилисехь визитаца волуш. 19Чил2016
Чавушоглу Мевлют, Сурт даьккхина Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Тбилисехь визитаца волуш. 19Чил2016

Исламан пачхьалкх тобанца къийсам дIахьош шайн тIеман авиабазех Оьрсийчоьнна пайдаэца бакъо яла дагахь дац Туркойчоьнан Iедалш. Цунах лаьцна дIахьедар дина туркойн арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта.

Чавушоглус дийцарехь, туркойн пресса нийса цакхетта цо аьллачух, ткъа иза бахьана долуш цуьнан дешнаш галдаьхна кхаьчна Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсашка. Ша аьлларг дара Туркойчоь кийча ю ДАIИШ-ца къийсам дIахьош Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш латто, амма Оьрсийчоьнан кеманаш «Инджирлик» базехь хир ду ца аьллера ша боху министро.

Оьрсийн а, туркойн а юкъаметтигаш тояла юьйлаелла Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кехат дахьийтинчул тIаьхьа. Цу тIехь Туркойчоьнан куьйгалхочо шаьш халахеташ хилар хаийтинера Оьрсийчоьнан тIеман кеманца инцидент хилар бахьана долуш. Путинан зорбан секретаро Песков Дмитрийс цул тIаьхьа дIахьедар дира, ЭрдохIана оьрсийн пилот верна шайна къинтера довлар дехна Путине аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG