ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Фарадж дина ваьлла ша дийриг, Фарадж дIавала мегар ду


Британи -- "Британи йозуш йоцуш хиларан партин" куьйгалхочо Фарадж Найджел, Лондон, Манг. 24, 2016
Британи -- "Британи йозуш йоцуш хиларан партин" куьйгалхочо Фарадж Найджел, Лондон, Манг. 24, 2016

"Британи йозуш йоцуш хиларан партин" куьйгалхочо Фарадж Найджела дитина шен дарж. Фараджа дIахьедар дина ша шен Iалашоне кхаьчна аьлла. Рейтерс агенталло дийцарехь, «Британи Евробертана юкъараяларехьа болчу бахархоша толам баккхаро гойту ша шен политикан амбицеш кхочуш йина хилар» аьлла цо.

Мангал-беттан 23-чу дийнахь хиллачу референдумехь дукхах болчу британахоша харжам бира шайн пачхьалкх Евробертана юкъара яла еза аьлла. Цу нехан терахь дара 52 процент. Фараджа дийцарехь, Британи цхьаьнакхеттачу Европах дIакъастталц иза виса дагахь ву Европарламентан депутат.

52 шо долу Фарадж Найджел Британи йозуш йоцуш хиларан партин коьрте хIоьттинера 2010-чу шарахь. 2015-чу шарахь цо дIахьедар динера ша цу даржера дIаволу аьлла. Амма дукха хан ялале цо хийцира шен ойла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG