ТIекхочийла долу линкаш

Лозаннерчу кхело къастор бу Олимпиаде баха луучу Оьрсийчура спортхойн кхоллам


Швейцари -- Лозаннехь Допинган дуьхьало яран агенталлан симпозиум йолаялале хьалха. Заз. 24, 2015

Швейцари -- Лозаннехь Допинган дуьхьало яран агенталлан симпозиум йолаялале хьалха. Заз. 24, 2015

Оьрсийчоьнан атлеташа Рио де Жанейрохь хир йолчу Олимпиадехь дакъалацарх лаьцна сацам бан безаш ю Лозаннера спортан арбитражан суд. Цу хьокъехь кхеле яьлларг ю Оьрсийчоьнан Олимпин комитет а, Дуьненаюкъара атлетикан федерацин ассициаци а.

Лозаннерчу кхело бинчу хаамца, ши агIо реза хилла шайн къийсам сихайинчу процедурехула чекхбаккха. Оьрсийчоьнан спортхой Олимпиаде битарх лаьцна сацам бан безаш ю Лозаннера кхел кху беттан 21-гIа де тIекхачале.

Мангал-бутт чекхболуш Оьрсийчоьнан спортан министро Мутко Виталийс хаам бира, Оьрсийчура атлеташ Олимпиаде баха дагахь бу шайн-шайн цIарах дехар а дина аьлла. Цо дийцарехь, Лозаннера кхеле а бевла, спортхой тоьшаллаш дало дагахь бу шаьш допингах пайдаэцна цахилар гойтуш.

XS
SM
MD
LG