ТIекхочийла долу линкаш

Истанбулерчу терактийн декъахой билгалбевлла


Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа тIечIагIдина Советан пачхьалкхана юкъахь хиллачу республикийн махкахоша дакъалаьцна хилар Истанбулерчу аэропортехь хиллачу терактехь. Мархийн бутт чекхболуш Истанбулерчу маьждигехь ламазе гулбеллачу нахана хьалха вистхуьлуш туркойн президенто хаам бира, Истанбулерчу аэропортехь эккхийтар дар толлуш 30 стаг лаьцна шаьш аьлла.

Цо дийцарехь, царна юкъахь бу Дагестанера а, ГIиргIизойчуьра а, Таджикистанера а схьабевлла нах. Цуьнах лаьцна яздо туркойн "Хюрриет" газето.

ЭрдохIана бакъдира, Истанбулера дуьненаюкъарчу аэропортехь эккхийтар вовшахтоьхнарг «Исламан пачхьалкх» шех олу тоба хилар.

XS
SM
MD
LG