ТIекхочийла долу линкаш

Мигрантийн хьокъехь референдум дIаяхьа сацам бина Венгрино


МухIажираш дIатарбарх лаьцначу Евробертан квоташ хьокъехь ГIадужу-беттан 2-чу дийнахь референдум дIаяьхьа сацам бина Венгрин президенто Адер Яноша. Референдумехь хIоттийна хаттар иштта хир ду: цачхьалкхан гуламе а ца хоьттуш, Венгрин махкара боцурш Венгре баха ховшо Евробертана бакъо яла лаьий шуна?

Цу тайпа референдум оьшуш ю аьлла кху шеран Чиллан-баттахь дIахьедар динарг вара Венгрин премьер-министр Орбан Виктор. Оцу хенахь, низам а дохош, шайн махка гIерташ бу дуккха а мигранташ аьлла дIахьедар динера Венгрино.

Шина шеран чохь Евробертан территори тIехь 160 эзар мухIажир дIатарвар Iалашонца квоташ юкъаяха реза хилира Евробертан дукхах йолу пачхьалкхаш. Цу сацаман Iалашо яра Европе тIех сов мигранташ хьовдар бахьана долуш хIоьттина кризис дIаерзор. Мигрантанташна дуьхьал позици лецира Венгрино а, Чехино а, Словакино а, Полшо а, Хорватино а.

2015-чу шарахь Венгрин террориторехула чекхвелира 300 эзар мигрант а, мухIажир а. Оццу шарахь гурахь, премьер-министро Орбана омра а делла, Сербица а, Хорватица а долу шайн доза кIохцIулгийн сара а тесна дIакъевлира венгарша.

XS
SM
MD
LG